ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Амнисти хьанна яла еза?

"Бутырка" набахти
"Бутырка" набахти

Дуьненан шолгIа тIом чекхбаьлла 70 шо кхачар даздеш, Оьрсийчоьнан президенто амнисти кхайкхийна пачхьалкхехь. Бехктакхаме ийзиначу нахах бехкалара бохур бу, оцу низамца а догIуш, дуккха а нах. Иштта, набахтешкара цIехьабоьрзур бу эзарнаш тутмакхаш а.

Путин Владимира кхайкхийначу амнистица духу Маршо Радионо кху кIиранан хаттар.

Шуна муха хета, муьлха нах баха беза амнистин декъа? Муъкабохийла дуй набахтешкара, шун кхетамехь, Нохчийчохь тIемаш бина вайн къоман нах?

Цуьнан хьокъехь хетарг довзийта луучарна тхан телефонаш.

Праге зIе тухуш: + 420 724019832

Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.

СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 926 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 420 724019832

Хетачух лаьцна яздан йиш ю тхан сайте а: radiomarsho. com.

XS
SM
MD
LG