ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъан эскарш хьовсийна Рамади мукъаяккха


«Исламан Пачхьалкх» шайх олучу тIеман тобанаша дIалаьцна Рамади гIала мукъаяккха рогIера эскарш хьовсийна Иракъан Iедало. Шоьтадийнахь эскарийн векало инарлас Маан СаIада БагIдадерчу телевизионехула хаамбира, Iамеркан Штаташ коьртехь йолчу тIеман коалицин кеманаша тохаршдан долийна шолгIа де ду, цара дика жамIа дохьу, аьлла.

Рамадера жихIадхой шаьш лохкур бу, дош делла инарлас Маана. Анбар провинцин коьрта шахьара Рамади шайн караерзош, «Исламан Пачхьалх» тобано дIалецна цига Iедалан цIенош. Иракъан Iедална хаъал эшам хилла кху деношкахь, жихIадхойн карахь ишта а мехкан кхоалгIа дакъа хилар юьхьаръэцча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG