ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хин мах мел бу Нохчийчохь?


dirty water
dirty water

Къилбаседа Кавказерчу массех республикехь дукха хан ю меттигерчу хишца уьнаш караде. И проблема айина кху деношкахь, масала, Дагестанехь. Ткъа муха ду хин хьал, и мел цIена ду Нохчийчохь? ХIун мах хадабо хин башхаллин цигахь?

Хих ун долий, я боьха хи малар бахьана долуш 5 миллион стаг ле дуьнентIехь хIора шарахь. И терахь далийна хих кхачояр адаман бакъоне дилла дуьненаюкъара деклараци кечъечу Италерчу комитето.

Цхьанатоьхначу къаьмнийн организацино бинчу талламашца, боьхачу хиша тIамашчул а алсам адамаш дойу.

31 пачхьалкх бала хьоьгуш ю хи ца тоьаш. ХIора 8 секунд мел йолу дуьненчохь цхьа бер ле боьха хи а молий.

Хица доьзна хьал телхина ду дуьнентIехь. Адам эшаме дуьгу хьал лору иза бакъоларъярхоша.

Дахначу шарахь Нохчийчуьрчу Ишхойн-Юьртара 42 стаг, шайна юкъахь 10 бер а долуш, Гуьмса кIоштарчу дарбанан цIийне кхачийра. Массеран а диагноз цхьаъ яра – боьхачу хих даьлла ун.

Орцахъяьллачу меттигерчу кхачан аьхналлин тергоечу урхаллан белхахоша катоьхнна талламаш бира, довзийтира шаьш билгалдаьккхинарг: Нохчийчуьра хиш цIена ду, инфекцин лазарш даржаде ун хишца дац, аьлла.

Талламаш мухха хиллехь а, Маршо Радиоца хIетахь къамел мел диначара тоьшаллаш дора иза харц вердикт хиларх а, дарабанан цIийне кхаьчнарш хих ун даьлла хиларх а.

Тергамчаша чIагIдарехь, я Iедалан хьукматаша а, я наха а дола деш а йоцуш, къовлаза лаьтташ хин кхачоен юкъара гIунаш ю Нохчийчохь.

Ткъа лоьраша денна телевизионехь, интернетан машанашкахь дуьйцу, молу хи цIена хила деза, боьхачу хих юьйлучу цамгарша могашалла галйоккху, заьIап во стаг, къаьсттина кегий бераш, бохуш.

Маршо Радио зIене елира Нохчийчуьрчу цхьана ломан юьртарчу бахархошца. Яздархоша, иллешкахь хестийначу шовданаш дуй-те, хьалха санна, цIена а, наха доладеш а бохучух дара тхан хеттарш.

Массара а леткъориг а цхьаъ ду, биргIанчухула охьадогIу хи, «хинан чами кховдабехьа», аьлча, схьа а эцна, хьогахволчуьнга дIакховдо йиш цахилар.

Зелимха: «ЦIена хиш дац, бакъдерг дийцича. ДогIа деанчул тIаьхьа шина-кхаа дийнахь Iовраш хуьлий, догIу хи. Сесий хуьлу хичохь. Вуьшта малх кхеттачу деношкахь цIена хуьлу. ХIетте а тхо-м лар ца ло, ма -дарра дIамолу оха хи. Стохка цхьана юкъахь, чIогIа гучудевллера и сейсий, хIетахь хи кхехкош хан ехьира оха.

Юха а тесна дитира. Чайникахь хи кхехкийча, гонах раствор санна песокан тIулг лацалой хуьлу. Шовданан хи лелор дара, делахь а, юьртахь цхьаъ-шиъ бен дац шовда, денна юьртал ара а вуьйлуш шовданан хи латтийна а вер вац. Ткъа шовда жимло, догIа ца догIуш хан ялахь. И лелийна вер вац. Фильтраш йохкуш водозаборашкахь болх болийнера хьалхо, хи боьха ду, къаьхьа де ду хIара-ма аьлла. Делахь а, иза а гена ца дахара. Белхаш совцийра".

Хьалха, дайша хин Iуналла дора, экам хуьлура шовданашца, ткъа тахана, дукха хьолахь, лазарш гучуьдуйлу, жаннашца тIулгаш IаьIа, боху Хорачарчу Сайд-Хьамзата.

Сайд-Хьамзат: «Советан Iедал долуш хилла водокачка цIанъеш, хлорка а туьсуш лерина лелош яра. ХIинца тесна ду и гIуллакх. ЦIандан дезаш ду кхузара хиш. Бедарш юьтту автомат дIаюкъу боьхачу хино, цул совнаха жаннаш чохь тIулгаш долуш нах бу баьржина. И лазарш стенах довлу, вайна хууш ду».

Веданарчу яхархочо Якуева Жарадата а балхийра ша тахана хица хьоьгу бала. Аьхке ялар гIайгIа хуьлу шена боху цо, шен кхаа беро арахь биргIанчуьра догIу хи маларна кхоьруш, гIаролехь лаьтта ша, боху царна даима а.

Жарадат: «Тхан юьртахь вуно боьха хиш ду. Юьртахь хиш тхешан кегийчу наха шаьш къа а хьоьгуш, тесна ду. Iедалан белхалоша тесна турбанаш лелхара, доккха деанчу догIано дIатекхайора, иштта бала хьоьгуш дара тхо. БиргIичуьра догIу хи схьа а эцна, берана мало йиш яц тхан, оцу хино берашна цхьацца лазарш гучудоху.

Ур-атталла, биргIина дихкина а хинан киса ду тхан, нехаш, чохь са долу хIумнаш чу ца эхийта, дуьхьалонна. Чохь хи кхехка а дой, буьйсанна охьадуьллу ас берашна, олий. Кху юьртарчу кхо шо долчу берана хих лазар даьллера, иттех дийнахь дарба деш лелийра иза. Хьал дийца а, арз дан а меттиг бац тхан, я хьалхавала стаг а вац».

Хин мехалла вуно дика евза и ца тоьачу мехкашкахь. Хам ца бо цуьнан иза Iанадаххана лаьттачохь. Ткъа къоман а, мехкан а, Iедалан а мах буста тарло бахархоша молучу хин могашаллица, цуьнан аьхналлица.

Дуккха а ю пачхьалкхаш шайн адамаша молчу хин дикаллах дозалла деш. Ю цуьнан цхьа бала боцурш а, цуьнан стратегин бахамалла а ца евзаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG