ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн мехкан сий къуьйсучу нохчех дозалла до украинахоша


Шейх Мансуран цIарахчу батальонан буьйранча ЧIебарлойн Муслим
Шейх Мансуран цIарахчу батальонан буьйранча ЧIебарлойн Муслим

Биъ бутт хьалха Украинехьа тIемаш бечу Дудаев цIарахчу дуьненаюкъарчу батальонан буьйранча Мунаев Iиса Донбассерчу Дебальцевохь кхалхарца лагI ца белла нохчийн герз а карахь Украинехьа латта дIаоьхучийн могIа. Цул совнаха нохчех лаьтта кхин цхьа баталоьн а кхоллаелла цигахь.

Украинан цхьаалла къовсучу эскарийн могIаршлахь юхьанца дуьйнна бу шайн къоман маршоне шаьш а сатуьйсу нохчий. Тахана Украинерчу сепаратисташна дуьхьаллаьтташ ю нохчийн ши батальон. Шейх Мансуран цIарахчу батальонна коьртехь ву ЧIебарлойн Муслим. ШолгIаниг - дуьненаюкъара Дудаев ЖовхIаран цIарах батальон. Цуьнан буьйранчу ву Осмаев Адам.

Деношкахь Ukraine Today телевизионан журналиста Цаплиенко Андрейс Украинехь тIемаш бечу Шейх Мансуран батальонан куьйгалхочуьнца ЧIебарлойн Муслимца а, батальонан тIемалошца а цхьаьнакхетар хилира.

Ингалсан маттахь комментареш а еш, яьккхина видео интернетан машане йиллина репортеро.

Нохчийн къам украинхошца хилар чIагIдеш видеохула а, вуьшта йозанашца а кес-кесста билгалдоккху Цаплиенко Андрейс.

Ткъа шаьш украинхоша муха тIелоцу нохчий шайца хилар?

Маршо Радион зIехилира Киевехь шо сов хьалха, карчам болалуш, Майдане а кхаьчна, Украинехь оцу мехкан маршонехьа политикехь болхбечу, кест-кеста интернетехь а, зорбанехь а шех Чеченский Богдан олий, къамелдеш хуьлучу жигархочуьнца.

Дика вевза иза украинхошна. Цо ша церан могIаре дIа ма хIоьтти, кисанара хьала а даьккхина, Оьрсийчоьнан вахархо ша хиларан тоьшалла-паспорт халкъана хьалха дагийра стохка.

Чеченский Богдана дийцира украинхойн нохчашца йолчу юкъаметтигех лаьцна.

Чеченский: «Дукха хан йоццуш кхузарчу телевизионехь цхьана сохьтехь гергга дийцира, тIом бечу нохчийх лаьцна. Шайн ламаз до, цигаьркаш ца уьйзу, къаьркъа молуш бац, украинхоша а, оьрсаша а санна оьздадоцу къамелаш ца до нохчаша, мотт кIеда бу, цIена бу бохуш, томехь дуьйцура украинхоша. Селхана цIа кхаьчна со Прикарпатье ваханчуьра.

Вайн дог-ойла кхарна евзаш ю, вайн къам махкахь балехь латтош дуй кхарна хууш ду. Соьца болу украинхой бара нохчийн тIемалошна тIекхача лууш. Тахана соьга цхьаммо боху, шайн украинхойн салташа-ам хIуъа а юура, хьалал ца хилча нохчаша юур яц. Меца Iаш хир бу-кх уьш, вай кхузахь царна даар вовшахтоьхна, дIакхачор ма дара бохуш».

Дудаевн цIарахчу батальон, Ичкерин инарла Мунаев Iиса кхелхича, шен караэцна Осмаев Адам дика вевза нахана. Цунах лаьцна ца хеддаш дуьйцура, иза Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир вен кечамаш беш вара аьлла, Одессехь лаьцна кхелеозийча.

Дерриг а цунна тIехь кхоьллина хилар а къастаделла, кхело ша паргIатваккхарцана, Донбассехь Украинехьа къуьйсучу Мунаев Iисан гIовс хилира цунах.

Осмаев Адама дешна дуьненанхь а лоруш йолчу Британерчу Букингеман университетехь.

Ушарма Шайхан батальонна коьртехь волчу ЧIебарлойн Муслимах хуур а ду иштта. Нохчийчуьрчу шина а тIеман декъашхо ву иза. Оцу тIемийн заманахь кхелхина цуьнан ши ваша а, дуккха а шичой а.

Ukraine Today телевизионна интервью луш цо дуьйцу, шега Кадыров Рамзана Нохчийчохь цхьа ницкъаллин дакъа а кхоллий, цуьнан коьрте хIотта аьллера, ткъа ша реза ца хилира бохуш.

ТIемаш бахьанехь шена доьзал кхолла а ца ларавелла ЧIебарлойн Муслим. Бац цуьнан даймахкахь я кхерч а, дуьйцу цунах лаьцна тележурналиста Цаплиенко Андрейс.

Цуьнца къамелдечу батальонан баьччас бахарехь, вуно дукха бу цуьнца цхьаьна Украинан сий лардеш дIахIитта кийча нохчий. Амма уьш цигахь оьшийла хоуьйтуш, я тIеоьцуш а, я царна оьшу гIирс кховдош а дац Украинан Iедал.

XS
SM
MD
LG