ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европахой Оьрсийчоьно "Iаьржачу тептаре" язбина


Европан Берто шен мехкашкара 89 политик Кремло пачхьалкхе цавитарца доьзна бечу леткъамех «деса къамелаш ду» аьлла Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс оршотдийнахь. Европахой Оьрсийчоьно «Iаьржачу тептаре» язбар – иза цунна Европано Украинерчу ГIирмина аннекси яр, Донбассерчу сепаратисташна аьттонаш латторца доьзна ен критика цатар ду бохург бакъдац, элира Лавровс.

Мелхо а Евроберто 151 Оьрсийчоьнан вахархо санкцийн могIаршка язвар ду политикаца доьзна, бохура Кремлан дипломатин лидера. Кремло, хаам а ца баржош, къайлаха «Iаьржа тептар» хIоттор ца догIу цхьана а кхетамца, элира кIирандийнахь Евробертан арахьарчу политикан декъан куьйгалхочо Могерини Федерикас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG