ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малайзе доьду кема зенитийн-ракетийн системица чудаийтина


«Бук» олучу зенитийн-ракетийн ширачу системица чудаийтина стохка, 300 гергга стаг а вуьйш, Малайзе доьдуш хилла Боинг-кема, аьлла дIахьедина и герз дечу Алмаз-Антей консорциуман инарла директоран хьехамчас Малышевский Михаила ша шинарийдийнахь Москох пресс-конференци луш. «Букан» шира системаш хIинца а йолуш а ю Украинан эскарехь, ткъа Оьрсийчоьнан эскаршкахь уьш йоцу дуккха а хан ю, бохура цо.

И хаам ша бо дохийначу кеман гаьргийн даьхна суьрташ а теллина, элира Малышевскис. Иза ала гIертарг дара, кема хIаллакдинарг Украина ю. ХIинца а къовсамехь ду маьрша нах эцна доьдуш хилла кема хьан чудаийтира бохург. Украинана а, Малхбаленна а цунна бехке хила тарло я оьрсийн эскарш я Донбассера оьрсийн сепаратисташ аьлла хета. Британин талламчаша, космосерчу спутникашкара схьаэцначу суьрташна тIе а тевжаш, зуламна бехкейо Оьрсийчоь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG