ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Iазапна дуьхьалояран комитетан» офисна тIелатар


Оьрсийчуьрчу Iедалхйоцчу «Iазапна дуьхьалояран комитетан» офисна тIелетта Соьлж-ГIалахь цкъачунна бевзаза буьсу нах. Оцу юкъаралло дIахьедина, тIелеттарш карахь лоьмаш а долуш бара, царех шен белхан накъостий, бакъоларъярхой, корах аралилхина кIелхьара бевлла, аьлла. Бутт сов хьалха ягийра Соьлж-ГIалахь Iазапна дуьхьалояран комитетан» офис, ткъа жоп ца дийхира Iедало цхьаьнгге а.

Хилларг Комитетан балхана бахархой резабацар ду, аьлла, кхайкхийна меттигерчу «Грозный» телегойтийло. Каляпин Игор коьртехь волу и юкъаралла ю Нохчийчохь дукха а боцчу бакъоларъярхойх цхьаъ. Т1аьххьара кхаьчначу хаамца, 40 гергга стаг ву т1елатардарца доьзна Соьлж-Г1алахь левеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG