ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъонийн тергоян да воцуш юьсуш ю Нохчийчоь


Нохчийчоь --Iедало гулбина нах бу "Iазапна дуьхьалояран комитетан" офис йохочу муьрехь комитет емалъеш, Соьлж-ГIала, 3Ман2015
Нохчийчоь --Iедало гулбина нах бу "Iазапна дуьхьалояран комитетан" офис йохочу муьрехь комитет емалъеш, Соьлж-ГIала, 3Ман2015

«Iазапна дуьхьалояран комитетан» офис яра Нохчийчохь тIаьххьара йисинчех. ТIаьххьарчунна Соьлж-ГIалахь тIелатар дарх лаьцна официало Каляпин Игоран хьукмат бехке а еш дуьйцу. Ткъа кхечу кепара го шайгахь Iедало юьтучу бакъонийн хьал мехкан бахархошна.

Нохчийчохь бакъонаш а йолуш бакъонашларьярхой эшар чIагIдо бахархоша.

Мел маьрша бу махкахь адамийн бакъонашларьярхой? ХIун дан догIу уьш лераме хилийта? Хьанах дозаделла ду бахархошна гIо дан, орцах бовла уьш буьтуш цахилар? Оцу а, кхечу а хеттаршна жоьпаш каро гIерта тахана нохчашлахь дуккха а могIарера нах.

Цара кхетадо «Ницкъ барна дуьхьал Комитет» цIе йолчу бакъонашларьярхойн хIусам-офис 5-6 баттахь шозза йохаяр, лаа цахилар. Ю-юха а цара тхов-кIело хIаллакьяр шатайпа гайтам лору цхьаболчара,маьхькIамхошна бакъонан агIончаш мел беза. Уьш бIаьрга яхана хIума санна кхузахь сов хилар тоьшалла лору цхьаболучара. Эстемирова Наташин къаьхьа кхоллам а, къарвала, муьтIахьалла гайта реза ца хилла Кутаев Руслан, диъ шо хан а тоьхна набахте кхачор а. Цу могIарера масалш кхин а ду.

Карарчу хенахь интернет зIенехула а дийцаре деш ду Нохчийчохь бакъонашларьярхошна беш болу тIеIаткаъм а, кхин дIоггара къайле еш къа а ца хьоьгуш, цаьргахь ялло гIело а, баха-бахка а, Iа а,баха а кхузахь царна синтеме цахилар а.

Къилбаседа Кавказан блогерша билгал ма-даккхара, кхузахь къаьсттина бакъонашларьярхой готте а хьовзийна, цаьрца луьра тIом болийна чекхдаьллачу шеран Гiуран- беттан юьххьехь гIаттамхоша Соьлжа-гIалина тIелатар динчул тIаьхьа, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир Федералан Гуламе шарахь цкъа дохьуьйтучу дехар-кехатан хаамийн мехалла хаъал лах а еш.

ХIетахь дуьйна марсабаьккхина кхузахь бакъонашларьярхошца а, либералан хаамийн гIирсашца а беш болу тIом боху блогерша.

Бакъонашларьярхойн хIусам шолгIа а йохаяр шуьйра Iорадаьккхинехь а, юха а и саннарг хир дац аьлла чIагIо ян хала оцу хьостано дийцарехь. Цул сов и тIелатар дар федералан тIегIанахь зен деза талламан комитето аьлла сацам бина, бакъонашларьяр тергонехь латточу президентан Кхеташонан эксперташа.

И сацам дахаре муха боьрзур бу ала хала ду. Бакъду могIарерчу бахархоша кхеторехь Нохчийчохь санна бакъонашларьярхой оьшуш меттиг Оьрсийчохь каро хала ду. Царна хетарехь вуно чIогIа лераме а болуш, цара нехан хьашт-дезарш листарехь шуьйра а, беркате а дакъалоцур Кремл шина стага цхьа дош алахь. Цу хьокъехь сан къамел хилла соьлжгIалахочуьнца Дикаев Вахица.

Ваха: «Бакъонаш ларьеш болу нах кхузахь Iаламат чIогIа оьшуш бу. Оьрчийчохь цхьа кIошт яц кхузахь санна уьш хьашт болуш. Кхечанхьа-м тIеваха а, вистхила а йиш йолуш хIумнаш ду кху республикехь и дац. Нийсо каро Кадыровна хьо тIекхочуьйтуш вац. Цунна тIекхаьчча-м цо цхьалхо ма йоккхий. Бакъонаш ларьечу нехан хIусам йохаяр тоьшалла ду-кх уьш оьшуш хиларан.

Адамийн бакъонаш ерриг Оьрсийчохь а ларьеш яц. Оцу Европехь дерг аьттехьа а дац-кх кхузахь. Бакъо лаха волахь хьуна иза кара-м йийр яц. И бакъонаш лар ца йойтург мила ву? Дера ву оцу Кремл чохь Iаш волу Путин а, Медведев а. Ткъех шарахь шайна луъург а дина Iаш бу-кх уьш кху пачхьалкхах. Цу шинна лаа а лиъна цара цхьа дош аьлча и бакъо лелар а яра, нахана садоIийла ер яра, аьлла хеташ ву-кх со.

Суна муха хетий? И бакъонашларьярхой баттахь цкъа тIе а кхойкхуш, цаьрца дагабовлуш хила безара куьйгалхой. Хьан новкъарло йо шуна? Шу ког баккха дуьту я ца дуьту? Аш аьлларг чекхдолу я ца долу? Цаьрга хоьттуш делхьара, низам толийта гIерташ оцу Кремлехь берш белхьара кхин хьал хир дара. Кху Оьрсийчохь ахча дукха дерг бакъ ву-кх».

Адамийн бакъонашларьярхойн хьокъехь къамел дина Дикаев Ваха санна, дуккха а бахархой тешна бу, юкъараллехь уьш сий-лераме хилийтар, меттигерчу Iедалдайшка царна йиш-маIаш ца Iиттийтар, Кремлехь болчу куьйгалхойх доьзна ду, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG