Лаххара а 13 стаг велла, 10 лохуш ву, 40 доьзал хIусам йоцуш бисина. Чухьаьддачу хино йохийна зоопарк, цхьадолу дийнаташ делла, кхидерш гIалахула девлла лела. Гуьржичоьнна хиллачу зен 50 миллион доллар ларало.
Гуьржийчоь хьесапдеш ю шена хиллачу зенан
КIирандийнахь Вера-хи, бердех а даьлла, урамашка хьаьдча белларш лохуш, дийнабисинарш кIелхьарбохуш ю Тбилисера орцан урхалла.

1
Зоопаркера едда бегемот хихьаьддачу гIалин урамехь

2
Хе лаьцначу урамехула бегемот кIелхьаръяккха гIерта хIара нах. Зоопаркан белхахоша транквилизаторан маха а тоьхна, лаьцна цхьа бегемот.

3
Вера-хи бердех хьаладаьллачу некъа тIехь Iуьллу бохийначу бахамах дисинарг

4
Хино такхийна ча ю кIелхьара яла некъ лоьхуш