Кху шеран Мангал-беттан 16 дийнахь 90 шо кхаьчна "Артек" олу берийн лагер кхоьллина.
"Артек". Историн 90 шо
6
"Артеках" олу "берийн республика". Цуьнан территори ю Монакон территори санна.
Суртан тIехь - ЦК КПСС Инарлан секретар Брежнев Леонид, 1979 шо.
Суртан тIехь - ЦК КПСС Инарлан секретар Брежнев Леонид, 1979 шо.
7
1960 шарахь дуьйна "Артекан" кертах ю 150 гIишло а, 3 бассейн а, киностуди а, 7 эзар меттиг йолу стадион а.
8
Уггаре а дикачу хенахь "Артекехь" хIора шарахь садоIуш хилара 27 эзар бер. 1925 шарахь дуьйна 1969 шаре кхаччалц цигахь садаьIира 300 000 беро. Царах 13 000 бер дара кхечу 17 пачхьалкхера.
9
Советан заманах "Артеке" садаIа вахийтар деза совгIат дара берашна. Путёвкаш лора уггаре а тоьллачу пионерашна. Уьш леррина къастабора цига бахийта.