ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Царнаев ЖовхIар вен кхачор тIечIагIдина


Бостонерчу марафонехь эккхийтар дарна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатин бехккъасторхоша Царнаев ЖовхIар вен кхачор шен сацамца тIечIагIдина кхаарийдийнахь Бостонерчу кхело. И дIакхайкхийра суьдхочо Отул Джорджа. Кхо стаг а вуьйш, 260 лазийра Бостонерчу марафонехь хIетахь. Адвокаташа боккхах бехк хIеттехь лоцуш вийначу воккхахчу вешина Тамерланна тIе а биллина, ЖовхIар вен кхачорах хьалхаваккха а гIиртира.

Суьдхочо сацам кхайкхош элира «наха тергалдийр дац хьехархошна а, доттагIашна а, дена-нанна и везаш хилар, церан дагахь хир ду цо бехкбоцуш байъинарш, лазийнарш». Царнаевн адвокатийн 14 де ду дов арзедаккха. Царнаев ЖовхIара шена деллачу тIаьххьарчу дашехь хаийтира ша дохковалар, беллачарна ша доIанаш деш хиларх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG