Гергарнаш а, доттагIий а тоьллачех бу Iумаран - цара гIодо массо а хIуманна тIехь. Маршо Радион фоторепортаж.
ДоттагIий хилча атта ду цIенош дан
Устрада-ГIалара Хасимиков Iумар ша деш ву шена цIенош. Институт яьккхина цо, амма куралла шеца яцаре терра, цунна дика бевза гIишлошъярхочун "Iаьржа" белхаш.
1
Шена деллачу лаьттан декъа тIе веара Iумар юьхьанца!
2
Вашас Iелас, мангал тоьхна, бацах дIацIанйира цIеношна меттиг
3
Декъа тIе жагIа боьхкира
4
ЦIеношна бух ботта болош, хершаш а даьхна, болийра цементан, гIамаран боьршамаш бан