ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керланаш

Москох оьздангаллах йохарна

Гуьржийчоьнан юстицин министралло дIахьедина, Москох 70 миллион евро гIуда охьадилла декхаре ю ша 2006-чу а, 7-чу а шерашкахь 3000 сов гуьржи Оьрсийчуьра ницкъаша араваккхарна, аьлла. Шина пачхьалкхан хьукматашна юкъахь дуккха а хан ю и дов лаьтта.

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело, гуьржашна эшамбина хилар тIе а чIагIдеш, хан еллера Тбилисина а, Москохна а вовшашлахь барт карон, амма иза ца карийна. Оцу бахьанийца Оьрсийчоь декхаре ю гIуда дIадала, боху Тбилисино. Ткъа хьолах комментари ца йина Москох.

ДЕРРИГ КЕРЛАНАШ

Францерчу Лавалехь балконах тасавелла воллу меттигера вахархо кIелхьарваьккхина нохчочо

Францин Малхбузерчу Лаваль гIаларчу гIишлон 8-чу гIаттан балконах чукхозуш хилла меттигера вахархо кIелхьарваьккхина Нохчийчуьрчу мухIажаро. Цунах лаьцнадийцина кху деношкахь меттигерчу хаамийн гIирсаша. Ouest France орбан гIирсо бахарехь, инцидент нисъелла Сен-Николас олучу кIоштарчу Лаваль гIалахь байначу беттан 26-чу дийнахь.

Буьйсанна 11 сахьт даьллачу хенахь шен балкона тIехь висинера меттигера вахархо, неIарш а къовлаелла. Луларчу балкона тIехула охьавосса гIоьртинера иза ша, амма цунах аьтто ца баьлла, перилех тасавеллачохь висинера. Оццу заманчохь цу гIишлона уллхь тIехволчу Музикашвили ИбрахIиман а, Хаснауи Джамелан а бIаьрг кхеттера цунах. 7-чу гIатта тIе хьала а хьаьдда, петаран неI а йохийна, иза кIелхьараваккха чуиккхинера Музикашвили.

"Оццу заманчохь цIеяйархой схьа а кхаьчна, кхин дIа дан дезарг суна хьийхира цара", - аьлла ИбрахIима, яздо Francebleu портало.

Жимачу стага муш а бихкина францхочун гIодаюкъах, цул тIаьхьа ка яьллера иза чуэца. Процесс видео тIе дIаязйина ю.

  • Карарчу шеран Охан-баттахь а масех Нохчийчуьрчу вахархочо гIо динера, меттигера вахархо францхойн Монтерей-Фот-Йон гIалахь доккхачу цIа чохь цIе яьллачу заманчохь, аравоккхуш.

Нурмагомедов Хьабибан ден цIе тилла дагахь бу Дагестанерчу юьртана

Тренер Нурмагомедов Iабдулманап

UFC-н чемпион волчу Нурмагомедов Хьабибан да, тренер Нурмагомедов Iабдулманап ваьхначу Кизилюртан-кIоштарчу Кироваул эвлана цуьнан цIе тиллар дийцаредо Дагестанехь. Шинарин дийнахь яздо цунах лаьцна РБК агенталло, юьртден Давудов Магомедрасулан информацина тIе а тевжина.

"Тхо тезетахь ду. Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу гIаланашкара нах бу схьаоьхуш. ТIаьхьо юьртахойх дага а девлла, Кироваул Манап аьлла, хийца дагахь ду тхо", - аьлла хаамийн гIирсе хьаькамо.

Карладоккху, спортхо, массех дуьненан чемпион-латархо кхиийна волу Дагестанера Нурмагомедов Iабдулманап велира карарчу беттан 3-чохь Москварчу дарбан хIусамехь.

ММА охьатохарх латарехь дуьненан чемпион волчу Нурмагомедов Хьабибан да а, тренер а вара кхелхинарг. Коронавирус а кхетта, цо чолхене деаьккхина цуьнан дагца хилла лазар. Москварчу дарбан цIийнехь, реанимацехь вара иза. Цигахь инсульт а лайра цо.

Къилбаседа Кавказ: COVID-19 вирусах 12 велла, ун даьлла 333 стагана

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь коронавирусан уьнах велла 12 пациент, вирус къаьстина кхин а 333 стагаца.

Эпидеми ца яржийта Iалашонца кхоьллинчу штабан зерашца, Дагестанехь кхелхина - виъ пациент, ГIебарта Балкхаройчохь -кхоъ, Ставрополан кIоштахь – шиъ, Краснодаран махкахь а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а – цхьацца кхелхина.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь велла COVID-19 вирусах 831 дархо. Къаьсттина дукха нах билгалбевлла коронавирусан инфекцица Ставрополан кIоштахь – 79 стаг:

  • Ставрополан кIоштахь +79 (5 728 ву эпидеми яьржичхьана)
  • Краснодаран кIошт + 59 (6 399)
  • Дагестанехь + 48 (8 232)
  • ГIебарта-Балкхаройчохь + 46 (5 343)
  • Кхарачой-Чергазийчохь + 32 (3 882)
  • Адыгейхь + 24 (2 145)
  • Къилбаседа ХIирийчохь + 20 (4 155)
  • ГIалгIайчохь + 16 (3 185)
  • Нохчийчохь + 9 (1 795)
  • ГIалмакхойчохь + 0 (1 947)

Къилбаседа Кавказехь верриг а уьн даьлларг ву 42 815 стаг. Оперативан штабан информацица, Оьрсийчохь вовшахкхетта уьш тIаьххьарчу зерашца, 694 230 стаг.

  • Масех де а ду Ставрополан кIошт лидершлахь йолу, коронавирусан инфекцица болу нах дукха болуш. ГIалмакхойчоь яра кхул а хьалха юьйцуш.

Венера Анзор вер: нохчийн диаспоро митинг хIоттош ю Оьрсийчоьнан векалаллина хьалха

Умаров Мамихан

Умаров Мамихан верца карзахъяьлла Венера нохчий диаспора Оьрсийчоьнан векалаллина хьалха тахана митинг хIотто дагахь ю. Цунах лаьцна яздо Deutsche Welle зорбан гIирсо. Митинг вовшахтоьхнарг ву Австрехь йолчу нохчийн синбахамаллин центран координатор, Нохчийчохь хиллачу тIемашкахь дакъалаьцна, Масхадов Асланан хилла адъютант Исханов Хьусейн.

Цо бахарехь, митинган декъашхоша тIедожор ду Оьрсийчоьнан Iедалшна "Европехь политикан буха тIехь нах байар" дитар. Оцу бахьанашца вийна 2009-чу шарахь Венехь Исраилов Iумар а, 2019-чу шарахь Берлинехь Хангошвили Зеламха а, карарчу шеран Чиллан-баттахь Лиллехь Алиев Iимран а, иштта, вен Iалашонца тIелатар динера Зазадокху-беттан юьххьехь Швецехь вехачу Абдурахманов Тумсона а.

Исхановс чIагIдо, вийнарг шена вевзаш хилар а, ши шо хьалха телефонехула шена кхерамаш тийсарх цо шега дийцар а.

"Венера Анзор" цIарца YouTube-хь роликаш зорбане яха воьллера Умаров Украинан телехьожийлехь Евробертан пачхьалкхашкахь нах байа Iалашонах лаьцна дийцинчул тIаьхьа, боху Ихсановс.

  • Нохчийчуьра Умаров Мамихан вийра Вена гIалина гена доццучохь коьртах герз а тоьхна. 2005-чу шарахь дуьйна Австрехь вехаш вара иза, политикан мухIажар санна. Нохчашлахь дика вевзара иза "Венера Анзор" аьлча. Ютуб-блог яра цо лелош, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан гона а критика еш. Доккхачу декъанна, ша дуьйцург маьттазчу маттахь хуьлура цуьнан.
  • Политикан эмигрант вийна аьлла, шекоаншца лаьцна Австрин Iедало Нохчийчуьра ши вахархо: Ахтаев Сарали а, Магамадов Салман а.

Нохчийчохь лаьцначу Джикаеван гергарчарна иза гойтуш яц

Нохчийчохь дIалаьцна СИЗО-хь латточу Къилбаседа ХIирийчуьрчу блогеран Джикаева Маликин гергарчеран аьтто бац иза ган, бакъо луш ца хиларна. Оршотан дийнахь бина цунах лаьцна хаам Кавказ.Реалиино, "Кавказский узел" зорбан гIирсана тIе а тевжаш.

"Изолятор чохь халахетарш до шена, амма мамина ма хаийта аьлла, кехат даийтинера цо. ГIад дайначу цо ша шена тIе куьг даьхьна хила тарло. Тхойшиннан къамел хилла дац, я телефонехула йистхилла а яц, гина а яц суна иза, дерриг а хаа. Талламчаша бакъо ца ло цуьнца цхьаьнакхета. Адвокатехула дехар динера оха, коронавирусах бахьана а дина, жоп ца делира", - аьлла, дийцина агенталле Джикаеван йишас Каринас.

  • Зазадокху-беттан 9-чохь Соьлж-ГIалахь лецира Джикаева Малика. Наркотикаш латтош хилла аьлла, шеконаш эгна цунна тIе. Кху шеран Марсхьокху-бутт юккъе баллалц чохь латтон хан дIаяхйина цунна кхело.
  • Хьалхо Джикаевана гIуда туьйхира, магийна йоцчу меттигехь герз кхийсарна. Полисхочун барзакъ а доьхна, герз диттинера цо.
  • Инстаграмехь цо зорбане йоху провокацин видеошна тIехула иза лаьцна бохуш, дIахьедар динера хьалхо йоьIан гергарчара.

Британино санкцеш кхайкхийна Оьрсийчоьнна а, Къилбаседа Корейна а дуьхьал

Великобританин арахьарчу гIуллакхийн министр Рааб Доминик

Адамийн бакъонаш Iалаш ца ечу пачхьалкхашна – СаIудийн Iарбийчоьнна а, Оьрсийчоьнна а, Мьянмана а, Къилбаседа Корейна а дуьхьал санкцеш йохуш ю аьлла, дIахьедина Британин арахьарчу гIуллакхийн министро Рааб Доминика. Таджикийн Озоди сервисо бина цунах лаьцна хаам.

Оршотан дийнахь Британин куьйгалло кхайкхийначу барамашца, оцу пачхьалкхийн векалшна цу махка доьлху некъаш доьхкур ду. Цу кепашца, Брекзит хиллачул тIаьхьа, Лондоно дуьххьара гойтуш ду, адамийн бакъонаш йохочарна шаьш таIзар дан гуьнахь хилар.

"Адамийн бакъонаш шога йохочу наха жоп лур ду шайгара дуьйлучух", - аьлла Британин арахьарчу гIуллакхийн министро.

Санкцеш хьакхалур ю адаман дахаран а, маршонан а бакъонаш ца ларъечерах а, Iазапаш лелочерах а, лоллехь нах латточарех а аьлла, билгалдаьккхина Лондонехь.

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Москвахь COVID-19 вирусах велла 20 сов стаг

Москварчу эпидемина дуьхьало латто вовшахтоьхначу штабо шен Telegram-каналехь дIахьедарца, цу шахьарехь коронавирусан инфекцех а, пневмоних а кхелхина 24 стаг. Кхул хьалха яхначу буса а, дийнахь а уьнах велларг 22 стаг вара, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Эпидеми яьржичхьана Москвахь COVID-19 вирусах велла оршотан суьйранна Iорадаьхначу зерашца, 3 999 пациент. Ерриг а пачхьалкхехь кхелхина 10 эзар 300 гергга стаг. Ун даьржичхьана Оьрсийчохь инфекци хьакхаелира 700 эзар гергга стагах.

Москварчу Iедалхоша далийначу терахьашца, цхьана Стигалкъекъа-баттахь коронавирусах а, цо меттахдаьхначу лазаршца а велира 3, 7 эзар вахархо.

Кхин а 1,6 эзар стагана а ун делира, амма баларш кхечу бахьанашца хилира церан, билгалдоккху "Коммерсанто".

ДаIишхой а, терроризм а бакъярна бехк тIехь бити Нохчийчуьрчу вахархочунна

Иллюстративан сурт

ГIаттамхойн могIарш дузарна а, терроризм бакъярна а аьлла, Нохчийчоьнан вахархочунна Арсанухаев Эйдина набахтехь даккха тоьхна бархI шо хийцам боцуш дитина тIеман Апелляцин кхело. "Кавказский узел" агенталло яздарехь, Зазадокху-беттан 19-чохь Ростоверчу тIеман кхело шогачу хьелашкахь даккхийта 8 шо хан туьйхира Арсанухаевна, шен юьртахой "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн могIаршка ийзарна. Иза бехкехилар тIечIагIданза дисира, иштта могушалла ледара йолуш а хиллера иза аьлла, дIахьедира цуьнан адвокато.

Москван кIоштарчу Апелляцин тIеман кхеле латкъамбинера Арсанухаевн адвокаташа, амма цара а бехкехилар тIехь а дуьтуш, Къилбан федералан кхело бина сацам хийцанза битина.

Хьалхо Арсанухаевн нанас Гунашева Табарика дIахьедира, шен кIантана тIехь ницкъ барх. "Буьйсанна дIабуьйлабелла уьш, сахиллалц балехь латтийнера цара сан кIант. Кхетамчуьра ваьлла хилла иза, дарбан цIийне вуьгучу хенахь а тилкхазваьлла хиллера", - аьлла, дийцина нанас "Кавказский узел" агенталле.

Кхелахойн версица, 2017-чу шарахь шен юьртахошна видеоролик гайтина хилла цо даIишхойх лаьцна, цара лелочунна резаволчу агIор комментареш а еш. Ткъа 2017-чу шеран Марсхьокху-баттахь цхьахволчу юьртахочунна даIишхойн могIаршка хIотта марздеш хилла цо, церан хьалханчана ваIда а деш.

Нохчийчохь коронавирусах кхин а цхьа стаг велла

COVID-19 вирусах кхин а цхьа пациент велла Нохчийчохь аьлла, Роспотребнадзоран информацех пайда а эцна, яздо махкарчу хаамийн гIирсаша. Таханлерачу дийнахь республикехь коронавирус юй хьожуш 119 295 тест йина. Царах 1 967 йина тIаьххьарчу 24 сахьтехь. 1 786 стагаца къаьстинера ун.

ТIаьххьарчу буса а, дийнахь а 14 стагаца хааелла COVID-19 вирус. "Дарба хилла 1 214 пациентана. Велла верриг а уьнах 25 дархо", - аьлла бу хаам.

Роспотребнадзоран зерашца, регионехь таханлерачу дийнахь верриг а инфекцица ву 547 вахархо.

Хьарамлонаш лелийначу полисхочух гIуда хьарчийна ГIалгIайчохь

ГIалгIайчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хиллачу белхахочунна бехк биллина, ахчанашца хьарамлонаш лелорна. Цунах лаьцна хаам баржийна оршотан дийнахь регионерчу Талламан комитетан урхаллан пресс-гIуллакххоша.

"ТIечIагIдина даьлла, 2014-чу шарахь ша полицин декъехь волчу заманчохь, оцу стага чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хIусаман комиссига документаш чуделла хилла, шен йоцучу йоIах харц хаамаш тIе а язбина. Пачхьалкхан хIусаман сертификат эца Iалашонца лелийна цо и бозбунчалла. Оцу кехатийн буха тIехь 800 эзар сом ахча эца дезаш хиллера иза, шена догIучул а сов", - аьлла ду информаци тIехь. Бехкевечунна гIуда тоьхна 100 эзар соьман барамехь.

  • Хьалхо оццу бехкашна набахтехь даккха пхи шо кхайкхийра мехкан финансийн министр лаьттинчу Цечоев Русланна.

Дагестанера ресторанийн долахой дуьхьалонан акце бевлла, шайга болх болабайтар доьхуш

ХIинжа-ГIалара рестораторийн протест

Дагестанан ХIинжа-ГIалара ресторанийн долахой коьртачу майдана бевллера, шайна болх боло бакъо ялар тIедожош. Протестан акцехь вовшахкхеттера масех иттанашкахь меттигерчу кафенийн а, ресторанийн а куьйгалхой. Цара дийцина, гIаларчу масех яккхийх йолчу кафешна бакъо елла аьхкенан рагIуш бухахь болх боло, ткъа биссинарш арабовла йиш йоцуш Iа аьлла.

"Тхан массеран а цхьа проблема ма ю. Тхо массо а петаршкахь дехаш ду, алапана тIехь ду тхо, хIора шолгIачун аьлча санна, кредиташ ду токхуш. Жимма кредитан хан тIаьхьатоттур ю баьхнера тхоьга, амма Дагестанехь и бохург хIун ду а ца хаьа. Тхайн аьзнаш Iедалхошна хазийтархьама хIун дан дезара-те оха?", - аьлла, дийцина "Кавказ.Реалиига" кафен белхахочо Умукусума.

ХIинжа-ГIалмин администрацин экономикан урхаллан хьаькамо Исрапилов Хьаьжмурда дехар динера нахе дIасадохахьара аьлла. Цо бахарехь, тахана республикан куьйгалхойн кхеташо хир йолуш ю, цигахь дийцаре дан Iалашо ю кафеш а, ресторанаш а схьаелларх.

Меттигерчу администрацин пурбанца йиллина аьлла Исрапиловс иттаннашкахь яккхий кафеш.

"КIира хьалха болх болийна аьхкенан итт кафено, дика жамIаш гайтина цара . И бохург хIун ду, эпидемин хьолан статистика эшна ца го. Оцо тешам ло тхуна йиссина кафеш а схьаелла еза аьлла", - дийцина Исрапиловс.

  • Бутт карабеачхьана Дагестанехь болх болийра аьхкенан рагIуш долчу масийтта яккхийчу кафеша. Мангал-беттан 15-чохь карантин лагIъеш хьалхарчу этапе йирзинера республика.
  • ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Дагестанехь 52 стагаца къаьстина коронавирусан ун. Вериг а 8 132 дархочуьнца гучуяьллера инфекци.

Австрехь вийначу нохчийн блогерна тезет хIоттийна Венехь

Умаров Мамихан

Оршотан дийнахь дIахIоттийна пIераскан дийнахь вийначу нохчийн политикан мигрантан Умаров Мамиханан тезет. "Австрерчу нохчийн а, гIалгIайн а Кхеташонан" офисехь хIоттийна тезетан барам.

"Кавказ.Реалиин" корреспонденто бинчу хаамца, цкъачунна хIинца а вийначун дакъа схьаделла дац, хIунда аьлча, цуьнан дегIах талламаш бина бовланза хиларна. Умаровн накъосташа бахарехь, шен цIийнден дакъа довза тIекхача езаш ю цуьнан хIусамнана а, кхинболу гергарнаш а.

Карладоккху, Вена гIалина гергахь коьртах герз тоьхна вийна нохчо. "Кавказ.Реалиин" хьосташа дечу тоьшаллица, иза ву Кадыров Рамзанан критик, "Венера Анзор" цIарца вевза Умаров Мамихан.

Österreic газето бечу хаамца, зулам дина меттигерчу 19.30 хенаца "G3" олучу туьканна уллехь. Цунна герз тоьхнарг хилла детин басахь йолчу машенахь. Полицино иза лаьцна Линц гIалахь.

"Нохчийчуьра схьаваьлла стаг ву герз диттинарг. Цо вийна Нохчийчуьра волу "Венера Анзор", – элира "Кавказ.Реалиига" Европерчу нохчийн диаспорийн векало.

Социалан машанашкахь а, ша интервью луш а Умаровс дуьйцура, ша мехах цхьацца къайлах операцеш дIаяьхьна хиларх лоций. Цо ша чIагIдарехь, Ичкерин полицехь болх бина хилла иза. Шен YouTube агIонехь цо яржайора Оьрсийчоьнан къайлаха ницкъаша Европерчу политикан эмигранташна, Ичкерин векалшна кIелонаш еш хиларх йолу информаци, шога критика йора Нохчийчоьнан таханлерчу куьйгалхошна.

ГIалгIайчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а къоьлла хьоьгу нах алсам болчийн тептарехь ю

Иллюстративан сурт

Къоьллехь бохку нах дукха болчу регионийн тептарехь нисъелла ГIалгIайчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а. "Новости" агенталло бинчу талламан зераш зорбане даьхна оршотан дийнахь.

ХIоттийначу рейтингехь билгалдаьккхина, ГIалгIайчуьра 30,5 процент, ткъа ГIебарта Балкхаройчуьра 24,2 процент бахархой къоьлла хьоьгуш бу аьлла.

Иштта оцу тептарехь нисъелла Тыва а(34,7%), Алтай а (24,2%), Жуьгтийн автономин кIошт а (23,9%).

Стохка цу кепара хIоттийначу рейтингаца а догIуш, Оьрсийчохь 12,3 процент къен нах бара, билгалдоккху шайн талламехь агенталло.

Уггара кӀезиг къоьлла хьоьгу нах хиларца къастийна рейтинган авторша Ямало-Ненецкан го а (5,6%), Москва а (6,6%), Санкт-Петербург а (6,6%), ГIезалойчоь (6,9%), ткъа иштта Московскан кIошт а (7,3%).

  • 2019-чу шарахь социалан-экономикан хьолах хIоттийначу федералан рейтингехь ГIалгIайчоь а, Кхарачой-Чергазийчоь а, Къилбаседа ХIирийчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а уггар а лахарчу могIаршкахь яра

Къилбаседа Кавказ: COVID-19 уьнах велла 5 дархо, ун даьлла 380 стагана

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а пхи пациент велла коронавирусан инфекцица хилла, кхин а 380 стагаца ун къаьстина.

Эпидеми ца яржийта Iалашонца кхоьллинчу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь велла шиъ, Ставрополан кIоштахь а, ГIебарта Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а кхелхина цхьацца. Верриг а Къилбаседа Кавказехь 819 дархо велла COVID-19 вирусах.

Къаьсттина дукха бу коронавирусан ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь – 80 стаг:

  • Ставрополан кIоштахь +80 (5 649 ву эпидеми гучуяьлчхьана)
  • Краснодаран махкахь+ 60 (6 340)
  • Дагестанехь + 52 (8 184)
  • ГIебарта-Балкхаройчохь + 46 (5 297)
  • Кхарачойн Чергазийчохь + 33 (3 850)
  • ГIалмакхойчохь+32 (1 947)
  • Адыгейхь + 27 (2 121)
  • Къилбаседа ХIирийчохь + 21 (4 135)
  • ГIалгIайчохь + 15 (3 169)
  • Нохчийчохь+ 14 (1 786)

Шаверриг а COVID-19 ун даьлла ву Къилбаседа Кавказехь 42 482 стаг. Оперативан штабо кIиран суьйранн довзийтинчу зерашца йоллу Оьрсийчохь бу коронавирусаца 687 862 дархой.

  • Масех де а ду Ставрополан кIошт хьалхара йолу ун токху нах алсам хиларца. Кхул хьалха ГIалмакхойчоь яра эпидемино сийсош.
  • Федералан штабан статистика кест-кеста бIостане нисло Росстатан а, регионаша а довзуьйтучуьнца. Зераш дагардаран методика тайп-тайпана хилар ду иза боху хьаькамаша.

Австрехь вийначун хьокъехь ши стаг лаьцна. Ший а Нохчийчуьра веана хилла

Умаров Мамихан

Нохчийчуьра политикан мухIажар Умаров Мамихан Австрехь вийна аьлла, шеконашца Нохчийчуьра схьаваьлла Ахтаев Сарали а, Магамадов Салман а лаьцна. "Кавказ.Реалиига" бина цунах лаьцна хаам Европерчу цхьахйолчу диаспорерчу хьостано.

"2002-чу шарахь веана хилла 47 шо долу Ахтаев Европе, ткъа Магомадов 2004-чу шарахь. МухIажарийн статусехь вара и ший а. Билггал хууш дац, Нохчийчуьрчу Iедалхошца уьш боьзна хиларх. Амма къаьстина, Хьалха-МартантIерачу антитерроран центрехь Магомадов болх бина хиларх", - аьлла, дийцина цо шен къамелехь.

Австрин хаамийн гIирсаша шеконашца шаьш лаьцначу цхьаннан цIе бен Iорайоккъхуш яц. Масала, Österreich газетано яздора, иза вийнарг Sar Ali A. Ву бохуш.

"Европерчу нохчийн Ассамбейно" хаамбарца, Венехь дIахIоттийна Умаровн тезет.

Шоьтан дийнахь Вена гIалина гена йоццучу Герсдорф-бай-Винехь вийра нохчийн блогер. Йоккхачу туьканахь вевзаш воцучо коьртах герз тоьхна хиллера цунна.

Österreic газето бечу хаамца, зулам дина меттигерчу 19.30 хенаца "G3" олучу туьканна уллехь. Цунна герз тоьхнарг хилла детин басахь йолчу машенахь. Полицино иза лаьцна Линц гIалахь.

"Нохчийчуьра схьаваьлла стаг ву герз диттинарг. Цо вийна Нохчийчуьра волу "Венера Анзор", – элира "Кавказ.Реалиига" Европерчу нохчийн диаспорийн векало.

Социалан машанашкахь а, ша интервью луш а Умаровс дуьйцура, ша мехах цхьацца къайлах операцеш дIаяьхьна хиларх лоций. Цо ша чIагIдарехь, Ичкерин полицехь болх бина хилла иза. Шен YouTube агIонехь цо яржайора Оьрсийчоьнан къайлаха ницкъаша Европерчу политикан эмигранташна, Ичкерин векалшна кIелонаш еш хиларх йолу информаци, шога критика йора Нохчийчоьнан таханлерчу куьйгалхошна.

  • Дагалаца догIу Швецехь Чиллан-беттан 26-чу дийнахь нохчийн блогерна Абдурахмановна кIело яр, жIаьвнаца тIелеттачу стага чевнаш яр. Амма Абдурахмановн аьтто белира тIелеттарг сацо а, иза полицин каравала а. Стохка Зазадоккху-баттахь Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада чIир кхайкхийра Абдурахмановна.
  • Чиллан-баттахь Францерчу Лилль гIалахь вийна карийра Алиев Iимран ("Мансур-Къано" - "Мансур Старый"). 135 чов йинера цунна урс диттина. Меттигерчу полицино иза верца доьзна шеконе эцна ву цкъачунна вовзуьйтуш воцу "Нохчийчохь веха Оьрсийчоьнан вахархо".

Бакъонашларъярхоша дехар дина Бастрыкине, Умаева ер тергоне эца аьлла

Умаева Мадина шен йоIаца

Нохчийчохь еллачу 23 шо долчу Умаева Мадинин гIуллакх Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре тергоне эца аьлла, дехар дина "Мемориалан" а, Amnesty International а, "Гражданское содействие" а, кхийолчу а бакъонашларъяран организацеша. Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цуьнан яларан хьокъехь динчу къамелаша эксперташна а, тешашна а тIеIаткъам барна кхоьру шаьш боху кехатан авторша.

Маршо Радионо яздина ма хиллара, Мангал-беттан 12-чохь Гуьмсехь елира 23 шо долу Умаева Мадина. Буьйсанна дIайоьллинера иза. Умаева Мадинина эксгумаци яйтира талламан комитетан сацамца а, йоьIан ненан тIедилларца а. Нанна Довлетмирзаева Хутматна хаа лиира, мича бахьанашца елла шен йоI, иза дIайоллар сихдарна. Дийнахь жимачу зудчун дов даьллера шен майрачуьнца, берийн ахчанах цо телевизор эцарна, яздора хаамийн гIирсашкахь.

Еллачух бинчу талламийн жамIаш дерриш а кийча дац хIинца а. ЧГТРК "Грозный" телевизионан эфирехь дийцарехь, цуьнан дегIахь хьоьвсинчу паталогоанатомашна бертаза йийна хиларан ларш ца карийна.

Ткъа дIайоьллина йоI хьалаяьккхинчул тIаьхьа нанас дIахьединера, дегIаца чов а яра шен йоIан, марчонна тIехь цIий а дара аьлла.

Гуьмсехь шина а агIонан нах вовшахтоьхначу Кадыровс дIахьедира, йоI йийна аьлла цхьана а кепара тоьшаллаш цахиларх.

Мехкан куьйгалхочо хуьлуш хIума ду элира, доьзалехь тохар а, Iоттар а.
"Марехь девнаш а хуьлу, къийсамаш а хуьлу, майрчо тухуш а хуьлу", - аьлла, дIахьедира Кадыровс. Цунна хьалха а шена гечдар дийхира Умаева Мадинин нанас.

Дийнахь-буса 4 стаг велла коронавирусах Къилбаседа Кавказехь, цомгуш хилла кхин а 402 вахархо

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 4 вахархо. Лаьцна уьно кхин а 402 стаг.

Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, белларш бу: Дагестанера 2 стаг, Краснодар-махкара, Ставропол-махкара – цхьацца. Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 814 вахархо.

Дийнахь-буса а, коронавирус юкъаяьлчхьана а цомгуш хилларш:

  • Ставропол-мохк +82 (5569)
  • Краснодар-мохк + 62 (6280)
  • Дагестан + 52 (8132)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 47 (5251)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 43 (3817)
  • ГIалмакхойчоь +37 (1915)
  • Адыгей + 26 (2094)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 22 (4114)
  • ГIалгIайчоь + 16 (3154)
  • Нохчийчоь + 15 (1772)

42102 стаг ву, официалан хамашца, Къилбаседа Кавказехь пандемин берриг муьрехь цомгуш хилларг. Опреативан штабо бахарехь, Оьрсийчохь цамгар шайца билгалъяьлларг ву 681 251 стаг.

Федералан штабанний, регионашкарий статистика галморзахъюьйлу кест-кеста – иза барамаш лору методика кеп-кепара хиларца дузу Iедалхоша (коронавирус баларийн коьрта бахьана лерина дацахь, велларг ца язво пандемин дарийн могIара).

Пандеми - Оьрсийчоь: 7 эзарнал лахара ду дараш

Оьрсийчохь дийнахь-буса коронавирусах цомгуш хилла 6 736 стаг. Цул хьалхарчу дийнахь Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо гайтинчу терахьал лакхара ду и терахь. Велла тIаьххьарчу дийнахь-буса уьнах 134 стаг, товелла 3 эзар сов.

Пандеми яьржичхьана схьа Оьрсийчохь цомгуш хилларг ву 680 эзар сов вахархо, товелла царех 450 сов эзар стаг, кхелхина 10 эзар сов.

Федералан штабанний, регионашкарий статистика галморзахъюьйлу кест-кеста – иза барамаш лору методика кеп-кепара хиларца дузу Iедалхоша (коронавирус баларийн коьрта бахьана лерина дацахь, велларг ца язво пандемин дарийн могIара).

10 де ду дийнахь-буса Оьрсийчохь тIекхуьучу дархойн барам 7000-нал лахахь лаьтта. Москвахь и терахь лаьтта 1000-нал лахахь.

ХIопкинсан университетан информацица, Оьрсийчоь, хьалха а санна, кхоалгIачу меттехь ю коронавирус яржарца. Амма оцу метте кхаьчна хила тарлуш ю кIиранденна ХIиндойчоь.

Австрехь Нохчийчуьра схьаваьлла стаг вийна. Кадыровн критик хила тарло иза

Умаров Мамихан (Венера Анзор)

Венина гергахь коьртах герз тоьхна вийна нохчо. "Кавказ.Реалиин" хьосташа дечу тоьшаллица, иза ву Кадыров Рамзанан критик, "Венера Анзор" цIарца вевза Умаров Мамихан.

Österreic газето бечу хаамца, зулам дина меттигерчу 19.30 хенаца "G3" олучу туьканна уллехь. Цунна герз тоьхнарг хилла детин басахь йолчу машенахь. Полицино иза лаьцна Линц гIалахь.

"Нохчийчуьра схьаваьлла стаг ву герз диттинарг. Цо вийна Нохчийчуьра волу "Венера Анзор", – элира "Кавказ.Реалиига" Европерчу нохчийн диаспорийн векало.

Социалан машанашкахь а, ша интервью луш а Умаровс дуьйцура, ша мехах цхьацца къайлах операцеш дIаяьхьна хиларх лоций. Цо ша чIагIдарехь, Ичкерин полицехь болх бина хилла иза. Шен YouTube агIонехь цо яржайора Оьрсийчоьнан къайлаха ницкъаша Европерчу политикан эмигранташна, Ичкерин векалшна кIелонаш еш хиларх йолу информаци, шога критика йора Нохчийчоьнан таханлерчу куьйгалхошна.

  • Дагалаца догIу Швецехь Чиллан-беттан 26-чу дийнахь нохчийн блогерна Абдурахмановна кIело яр, жIаьвнаца тIелеттачу стага чевнаш яр. Амма Абдурахмановн аьтто белира тIелеттарг сацо а, иза полицин каравала а. Стохка Зазадоккху-баттахь Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада чIир кхайкхийра Абдурахмановна.
  • Чиллан-баттахь Францерчу Лилль гIалахь вийна карийра Алиев Iимран ("Мансур-Къано" - "Мансур Старый"). 135 чов йинера цунна урс диттина. Меттигерчу полицино иза верца доьзна шеконе эцна ву цкъачунна вовзуьйтуш воцу "Нохчийчохь веха Оьрсийчоьнан вахархо".

70 шо кхаьчна Маьрша Европа Радион

Германи, Маьрша Европа Радион студи, 50-гIа шераш.

Нийсса 70 шо хьалха, Товбецан-беттан 4-чу дийнахь араяьлла Маьрша Европа Радион дуьххьара эфир.

Radio Free Europe кхоллаелла Малхбузенан а, социализман блокехь йолчу пачхьалкхийюкъаметтигаш гIоьртина лаьттачу, шех "шийла тIом" олучу муьрехь. Шен болх цо тIехьажийна хилла Советийн блокерчу ладогIархошна — Болгарин, Венгрин, Полшин, Румынин, Чехословакин ладогIархошна. Дуьххьара шен эфир Радионо арахецна Баварерчу Лампертхайм гIалара чехийн маттахь. Оццу хенахь ян йолийна цунна эфир яржош йолу станци Португалерчу "Глория" цIе йолчу меттехь.

"Маьрша Европан" корреспонденташлахь бара Малхбалерчу Европера эмигранташ – журналисташ, яздархой, публицисташ. Шайн декхар лорура цара дуьнентIера хьал довзийтар, политикан, экономикан, синбахамаллин, Iилман проблемаш йийцар – Малхбалерчу блокан мехкашкахь коммунизман идеологина товриг бен дацара даржош.

1976-чу шарахь цхьаьнатуьйхира ши радиостанци – Маьрша Европа Радио а, Маршо Радио а. ХIетахь дуьйна цхьа корпораци а хилла болх беш ю Радио Маьрша Европа/Маршо Радио. Цо арахоьцу эфир, кхийолу журналистикан материалаш 23 маттахь. Радион коьрта хIусам ю Прагехь.

"30 шо даьлла «аьчка кирхьа» доьжна, хийцаелла юкъаметтигаш, амма йисина тохарлерра проблемаш. Тхан коллегаш муьтIахь бу шайн балханна, аудитори а теша тхох. Хьелаш мел хала хилча а, до оха дерриг а бакъ хаамаш бовзийта, масал гойту, пресса маьрша муха хуьлу хоуьйтуш – иза вуно деза ду шен проблемех лаьцна кхечу меттехь дийца таро йоцчунна", - боху Маьрша Европа/Маршо Радио медиакорпорацин президентан декхарш кхочушдечу Синделар Дейзис.

Нохчийн маттахь Маршо Радионо программаш кечйора Къилбаседа Кавказан сервисан декъахь 1972-гIа шо тIекхаччалц. ЮхаметтахIоттийна сервис а, нохчийн редакци а 2002-чу шарахь. Медиакорпораци еха Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессо луш йолчу гранташна тIехь, ткъа корпорацин политика яц йозуш цхьаннах а, ларйо низамаша муьлххачу а политикан тIеIаткъамех.

Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь 10 стаг велла уьнах, цомгуш хилла - 425

Stavropol Territory, Kislovodsk, disinfection, park, coronavirus / Кисловодск, парк, коронавирус

Къилбаседа Кавказехь т1аьххьарчу дийнахь-буса коронавирусах 10 вахархо велла, цамгаро лаьцна 425 стаг.

Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу Оперативан штабан хаамца, Дагестанехь а, Ставропол-махкахь а велла кхоккха стаг, Г1ебарта-Балкхаройчохь – шиъ, Г1алмакхойчохь а, Нохчийчохь а – цхьацца. Коронавирус яьржичхьана схьа велла цунах Къилбаседа Кавказехь 810 вахархо.

Дийнахь-буса а, пандеми марсаяьлчхьана а цомгуш хилла:

  • Ставропол-мохк +96 (5487)
  • Краснодар-мохк + 59 (6218)
  • Дагестан + 55 (8080)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 47 (5204)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 44 (3774)
  • ГIалмакхойчоь +38 (1878)
  • Адыгей + 29 (2068)
  • ГIалгIайчоь + 26 (3138)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 22 (4092)
  • Нохчийчоь + 9 (1757)

41 700 стаг Къилбаседа Кавказехь коронавирусах цомгуш хилар къастийна официалехь. Ерриг а Оьрсийчохь ун кхеттарг ву, Оперативан штабо Товбецан-беттан 3-чу денна бечу хаамца, 674 515 стаг.

  • Пачхьалкхан статистико довзуьйту терахьаш а, регионашкарчу уьнна дуьхьаллаьттачу штабаша гойту дарийн терахьаш а цхьана ца догIуш нисло дукха хьолехь – баларийн барамаш меттигашкахьчул лахара хуьлу Оперативан штабан. Легарш дар кеп-кепара хиларца йоьзна ю и башхалла, олу Iедалхошна.

Шайн доьзална бинчу цатамана дуьхьал мах боьху ФСБ-не МакитовгIара

ГIебарта-Балкхаройчохь 2018-чу шеран бIаьста ФСБ-н (къайлахчу сервисан) белхахочо вийначу Макитов ХIусейн нанас а, вашас а шайна хиллачу цатамана дуьхьал ахча далийтар дехна кхеле. Оцу хьокъехь хаам бина "Кавказ.Реалиига" доьзалан адвоката Сабинин Андрейс ("Бакъонан зона" юкъараллера ву иза).

Луьстур ду дехар Марсхьокху-беттан 5-чу дийнахь Москварчу Мещански кIоштан кхелехь.

"Кхело сацам муха бийр бу ала дац сан, амма кест-кеста нисло эшам хиллачу гергарчарна компенсаци луш. Дукха хан йоццуш ГIалгIайчохь цхьа миллион ах миллион сом дала кхайкхийна и санна долчу гIуллакхехь. Кхин а сов луш меттигаш а хуьлу – ши миллион, кхо миллион" – боху Сабинина.

Адвоката билгалдаьккхира, мах бала безарг ФСБ хилар – Макитой ХIусай вийна Стерлягов Павел цигахь хилла болх беш, шен балха тIехь волуш а вийна цо иза.

  • 2018-чу шеран Охан-беттан 5-чу дийнахь ФСБ-н майора Стерляговс уьрсаца итт чов йира Макитовна, иза ша аьллачу метте шен машенахь дIавига реза ца хилча. иза шен машенахь ша дIавига реза йа хилча.
  • 2019-чу шеран аьхка Къилбаседа Кавказерчу тIеман кхело набахтин луьрачу хьелашкахь такха 9 шо хан туьйхира Стерляговна.

Нурмагомедов Iабдулманап велла

Нурмагомедова Iабдулманап, Дагестанера тренер, ММА-латархочун, дуьненан чемпионан Нурмагомедов Хьабибан да

Спортхо, массех дуьненан чемпион-латархо кхиийна волу Дагестанера Нурмагомедов 1абдулманап д1аваьлла Москвахь дарбан х1усамехь. Цунах лаьцна хаам бина шен телеграм-каналехь Кадыров Рамзана.

Баржийна оцу хьокъехь хаам ТАСС агенталло а.

"Сингаттаме хаам кхаьчна соьга, дуьне д1атесна Нурмагомедов 1абдулманапа. Дерриг а нохчийн къоман ц1арах кадам бо ас 1абдулманапан доьзале. Шен еза ц1е а, ша кхиийна тоьлла т1аьхье а юьтуш д1аваха иза", - яздина Кадыровс.

ММА охьатохарх латарехь дуьненан чемпион волчу Нурмагомедов Хьабибан да а, тренер а вара кхелхинарг. Коронавирус а кхетта, цо чолхене деаьккхина цуьнан дагца хилла лазар. Москварчу дарбан ц1ийнехь, реанимацехь вара иза. Цигахь инсульт а лайра цо.

Францера жандарм а ву Нохчийчуьрчу жимачу Iабдул-Маликна дарбанна ахча хьажийначаралахь

Жимчу АтагIарчу беран Гачаев Iабдул-Маликан дарбанна ахча лахьош бу волонтераш Нохчийчохь

Массех кIира ду Нохчийчуьрчу Жимачу АтагIара 1 шо 5 бутт болчу Гачаев Iабдул-Маликна молха эца ах шо хьалха йолийна акци волонтераша жигара яьккхина.

Ши шо кхачале дуьнентIехь уггаре беза болу "Золгенсма" маха тоха беза кIантанна – ткъа цуьнан мах бу 2 миллион 280 эзар доллар. И цхьа некъ бен бац "дилхан атрофи" олучу цамгарца дуьнентIеваьлла Iабдул-Малик лечуьра кIелхьарваккха.

ДIайоьдучу акцин кхайкхамаш дIахезна Малхбалехь а, Малхбузехь а бехачу вуно дукха наханна. Iабдул-Маликна ахчанаш сагIадечу нахалахь хилла ца Iа нохчий, гIалгIай, бу кхечу къаьмнийн векалш а. Масала, Францерчу Страсбурган жандармере кхайкхинера тахана Iуьйранна акцехь дакъалоцуш волу меттигера нохчо-волонтер Ризван. Цуьнга хеттарш дина Iедалхоша гулдечу ахчанах лаьцна, хьолах шаьш кхета а дина, иза дIавоьдуш, ахча делла Ризване кIантанна дIакхачадайта.

Гачаев Iабдул-Маликна дарбадайта наха карарчу ханна гулдина 120 миллион сом. ТIеоьшург ду 40 миллион.

Шуьйрра яьржина лела акци шен тергоне эцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Хьалхо Кадыровн фондо 55 миллион соьманна молханаш а, cадаIар аттачу доккух аппарат а ийцира Iабдул-Маликна. Лоьраша бина сацам тидаме а оьцуш, дарбанна Америкера молха бен ца мегаш нислахь, тIеоьшу ахча Кадыровн фондо лур ду, элира цо деношкахь, ткъа Товбецан-беттан 2-чу дийнахь кхайкхам бира махкарчу Iедалхошка беранна ахча гулдечу акцехь дакъалаца.

Ажигова Iайшина гIелояр толлучу юкъанна цуьнан дейиша кхидIа а лаьцна латто магийна ГIалгIайчохь кхело

Ажигова Iайша

ГIалгIайчоьнан Соьлжан кIоштарчу кхело къобалдина шен вешин йоI Iазапехь яллорна бехкеен Ганиева Макка кхидIа а лаьцна латтор.

ГIадужу-беттан 4-чу дийне кхаччалц магийна иза талламан изоляторехь кхаба, элира "Кавказ.Реалиига" беран ненан Евлоева Лидин адвоката.

7 шо долчу Ажигова Iайшин могашаллина зен дарна бехкебо йоьIан дейиша Ганиева Макка а, цуьнан майра Марзиев Iиса а. Лаьцна латточун цIийндена дихкина кхело ша вехачу меттера дIасавала. Иза бехказвоху цуьнан адвокато.

  • 2019-чу шеран аьхка, лазийна а, ягийна а чевнаш а йолуш, кхачийра Ажигова Iайша Несарарчу дарбан цIийне. Москварчу берийн лоьран Рошаль Леонидан Iилман-талламан институте йигира Iайша, цигахь цуьнан цхьа куьг дIадаккха дийзира лоьрийн.
  • Бер лоьрашна тIекхачийна хан ялале, лецира цуьнан дейиша Ганиева Макка. Цуьнца цхьаьна йоI гIелонехь кхабарна жоьпалле озийра полисхо волу цуьнан майра а. Даржан сий дайъарна иза балхара вохийна ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.

Хьажа кхин дIа а

XS
SM
MD
LG