Венехь гIажаройн зарратан программах долу дийцарш дIахьош бу дуьненан уггаре ницкъалчу 6 пачхьалкхан дипломаташ. Цара хаамбарехь, барт карон герга бу уьш, амма ала дац церан тахана-кхана дийцарш доьрзур ду. ГIажаройчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран гIовса Аракъчи Iаббаса а аьлла, дийцарш шинарийдийне дерза а тарло, дерриг а дац дийцаршкахь къаьстина даьлла, тIе а тухуш.
ТехIерано зарратан герз кхоллар а дуьтуш, дуьнено ша тоьхна латтаен экономикан эмбарго юха а йоккхуш бен барт кхочуш хила герга хилар хаийтина шен халкъе ГIажаройчоьнан президента РохIани Хьасана.
«Барт кхочушхила беза, шеко а йоцуш,» - элира Вене кхаьчначу Китайн арахьарчу гIуллакхийн министра Ван Ис. Карарчу хенахь ялххе а пачхьалкхан дипломатин куьйгалхой бу Австрерчу бараме баьхкина.