ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мархин беттан тIаьххьара де, тIаьххьара марха. Масех де а ду Оьрсийчоьнан бусалба динан урхалло пIераскана дийнахь марха достуш хилар кхайкхийна. Амма Нохчийчохь даима а санна шалхонаш ю – еарийн сарахь а къастаза дисира маца досту марха.

Кху Товбеца-беттан I6-чу дийнахь официала гIардаккхарца перза мархин бутт чекхбаларца доьзна диъ де I7, I8, I9, 20-гIа мукъа кхайкхийна Нохчийчохь. Бакъду, де суьйренга лестича а бахархошна хууш дацара марха дастар муьлхачу дийнахь дIадолош ду. Цу хиламо вуно чIогIа гIайгIанечу ладегIамехь кхобу нах.

Церан ладегIам кIаргбинехь бен бай ца бина динан урхаллин коьртехь волчу Межиев Салахь-Хьаьжас I6-чу дийнахь мосуьйттаза а, махкахой собаре боьхуш, леррина телевизионехь марханаш дастар хьокъехь динчу къамело а.

Цо дийцарехь динан урхалло лаккхарчу жоьпаллица лоьру бусалбан нехан дахарехь сел мехала хилам- марханаш дастар. «Тахана суьйранна вайна билггал хуур ду марханаш пIераскана дийнахь досту я шоьтадийнахь . Ас доьху шуьга са цагатдар а, собаре хилар а. Къастам боллуш марха досту хан оха юьйцур ю имамашкахула а, хаамийн гIирсашкахула а». Ишта дIахьедар дина муфтиятан хьаькамо.

Цуьнан къамело бахархошна кIезиг хьаам бар бахьна ду, цара маьркIажан хенахь I7-чу дийнахь марха досту хьалхара де ду аьлла, кхайкхадахь а кечам бан юьсург дукха хан цахилар. Ма-дарра аьлча дукхахдолу адам, бусалбан динан хенагоно ма гайттара, I8 –чу дийнахь марханаш даста кечделла Iаш ду. Цуьнца доьзна чот йоцуш дукха зударий бу хьашт-дезарш листина бовлаза. Кхузара кхето хала дац цара къаьсттина чIогIа марха маца досту ца хууш сагатдар.

Аьзнаш:«Кхана досту бохуш хьуна мичара хезна? Тахана гIала дIакхайкхина бу молланаш»

«Кхана досту бохуш вар-кх хIара а. 30 де дузуш ца хилча и муха досту суна-м ца хаьа.»

«Хууш дац. Тховса сарахь эр ду аьлла-кх. Элира,бахара шадерг и ду-кх. Кхана достий, лама достий бохуш гуттарлераниг ду-кх.»

«Бутт гахь а и даста йиш-м хир яц лакхарчара даста ца алахь. Цо хIоккху хена даста алахь и достура-м ду».

Арахь-чохь, боьдуш-богIуш, кху Товбецан-беттан I6-чу дийнахь дуьхьал мел кхеттачаьрга луш коьртачех коьрта цхьа хаттар ду: марха маца досту боху? Цу хаттарна жоп лоьхуш марсадевллера зIенехула ден къамелаш а. Шотан дийнахь марха даста кечам бечех цхьаъ ю Соьлж-гIалара хIусамнана Медент а.

Медент: «Церан боцчу сацамна нахана тешамбехк ма хуьлу. Шот дийнахь досту бохуш паргIатбевлла Iаш берш дукха бу, деллахь бу-кх. Дукха хена дуьйна а и ловзар деш ду-кх. Хьалххехь дуьйна а хаам бан йиш яц хир ю-кх. И ца бо-кх. Кхана достур дуй.лама достур дуй бохуш Iаш бу-кх».

ХIинцца йистхиллачу Медентан бинчех тера леткъамаш бо мелла а къоначу хIусамнанас Мошас а. Цо дийцарехь кхушара дуьххьара нислуш бац марханаш дастарца доьзна ишта, кIохцалш тIехь Iаш санна, ладегIам.

Моша: «Кхана досту алахь тха-м садоIийла а хир дац. Дан дезарг бен хIума а дац. Массо Деле доьхуш ву-кх кхана досту ма алахьара бохуш. Стохка а дира цара изза.буьйса юккъе йоьдучу хенахь ишта хаам а бина».

Нагахь санна I7 –чу дийнахь марха дастахь ,селхана а, тахана а эцна стоьмаш, хиш шаьш мича дахьа деза ца хууш «маьхьарца» бу туьканийн долахой а. Стенна делахь а ша а, кхиберш а тешна бара марха дастаран хьалхара де I8-чу дийнахь ду аьлла боху юург-мерг юхкуш йолчу совдегаро Новр кIоштерчу Асета.

Асет: «Суна-м ца хаьа хIора шарна а хуьлуш ду-кх хIара. Кхин цхьа де а ду бохуш паргIат лелла со а, нах а. Юург-мерг а эцна селхана а. Кхана и дастахь кхарах хIун дан деза-м ца хаьа. Ца оьцуш хIума а ца йисна. ЦIахь дан дезарш мел ду. Массо хIума а кхин а хан ю бохуш гIорийна лаьтташ ю. Цхьана шарахь чомехь достуш-м дац хIара».

Бусалбан нехан дахарехь уггар деза ларалуш долу марха дастаран денош тIекхачар, гуш ма-хиллара, шатайпа дагалецаме ду могIарерчу нахана. Гарехь, динан дайша, кхачо йоллуш церан кхетаме ца дижийна марха дастар цIинбеллачу баттаца дозаран маьIна.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

New Comments Available
XS
SM
MD
LG