ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эм-Эйч-17 рейс Донбассехь эккхийтар дагалоцуш


Тезетан барамаш дIабаьхьина Украинехь, Австралехь, Голландехь стохка, нийсса шо хьалха кеман Эм-Эйч-17 рейс Донбассехь эккхийтар дагалоцуш. Малайзин Айрлайнс коампанин «Боинг» кема дохийча веллачу 298 стагах 193 нидерландхо вара, Малайзера 43, Австралера 38, Индонезера 12, Британера 10 стаг вара. ХIрабове олучу юьрта йисте дуьйжира кема. Гонахара меттигаш лецна Iачу оьрсийн сепаратисташа дIасаехира кеманчохь хиллачу нехан карийна хIуманаш, шен кеман гаьргаш, ткъа шаьш хIиттира рейс чуяийтарна Украинан эскарш бехкедан.

Донецкерчу сепаратистийн лидеро Захарченко Александра дIахьедира хIетахь: «Тхо кийча ду трагедина Украина бехке хилар тIечIагIдан луурдолчунна массо а кепара гIодан» - аьлла. Делахь а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацина ма-хуьллу новкъарлонаш йо Кремло бехктакхаман дов дуьненаюкъарчу трибунале далийта а, цигахь иза листийта а. Нидерландин талламашчаш бу кема чудаийтар зуьйш, цуьнан жамI Iорадоккхур ду Лахьан-беттан юьххьехь.

Комментари

New Comments Available

"Венера Анзор" цIарца вевза Умаров Мамихан вийна Австрехь. Бахьанаш хIун хета шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

Ас бакъо ло Маршо Радионна (RFE/RL) сайн и-мейkах пайда эца, ас йинчу комментарешна жоп луш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG