Маршо Радион фотокорреспондента Елхоев Лечас тоьшалла до цуьнан.
Марханаш къобалдойла!
Марха достучу хьалхарчу дийнахь догIа дара Нохчийчохь. Делахь а, догIа кхераме дац дегнашчохь синкъерам болчу адамашна! Массо а ярташкахь а, гIаланашкахь а алсам нах бара вовшашка Марханаш къобалдан лелаш.

1
Вай ара-м девллера, нах гIевттиний-те?

2
Вуьзинарг а Iехор ву кху даарша!

3
Шена бехкечу нехан Марха къобалдан воьду къано.

4
Дала мукъалахь, сайн тIоьрмиг буза Iалашо-м ю!