ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марха достучу дийнахь дина эккхийтар


ПIераскан сарахь 115 стаг вийна, царалахь дуккха а бераш а долуш, Иракъехь, Хан-Бани-СаIад гIаларчу базарахь молханах юьйлина машен а эккхийтина. Иракъан Iедалхоша бехкейо динчу зуламна ДАIИШан тобанаш. БагIдадна 300 чаккхарма юьстах лаьттачу оцу Хан-Бани-СаIад гIалахь Марха достуш дина эккхийтар ду цигахь бехачу шиIатошна дуьхьал дина.

ДАIИШ-ан векалша бехк шайна тIеоьцуш хаийтина иккхинчу машенца хилла молха 3 тонна хиллийла. Бохамца доьзна тезет кхайкхийна Хан-Бани-СаIадахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG