ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нидерландерчу зезагаша некъ бихкина Оьрсийчу


Оьрсийчоьнан кхачан башхалла зуьйчу урхалло Нидерландера кхочучу зезагашца санитаран кхерам бу аьлла дIахьедина шинарийдийнахь. Ша кхиочу петIаматех дозалла дечу Нидерландина уьш Оьрсийчоьнна дохка дехка тарло хIинца оцу хьукмато. Стохка Донбассехь, кхо бIе гергга стаг а вуьйш, пассажирийн кема чудожор толлучу нидерландхоша Оьрсийчоь хьехор цатарна Кремло беш бекхам бу, аьлла хета дуьненан прессина.

Амма оьрсийн хьостанаша бакъ ца до зезагаш емалдар политикаца дозу бохург. Иза дIахаийтира, дуй зезагашна некъ бехкар Нидерландин лаамца дов ХIаагерчу трибунале даккха бечу талламашца доьзна, аьлла, шега хаьттича, Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс.

«Зезагашца дерг политике даккхар суна нийса ца хета» - ду цо делла жоп. Малайзе доьдуш Украинан малхбалехь дохийначу кеманчохь веллачу 298 стагах дукхаберш нидерландхой бара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG