ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хатуев Iабдул-Хьамид. БIаьсте ер ю.


Нохчийчоь --БIаьсте Соьлж-ГIалахь, 2016
Нохчийчоь --БIаьсте Соьлж-ГIалахь, 2016

БIАЬСТЕ ЕР Ю

БIаьсте ер ю, дуьне хазлур ду,
Стигла кхийдаш делалур ду лаьмнаш.
Дуьне хаздан ас хIун дуьтур ду,
Сайна тIехул тIаьххьар лесташ гаьннаш?

Бода чехош, Iуьйре йогIур ю,
Стиглан дари цIарца серладоккхуш,
Адмийн даг чохь ас хIун дуьтур ду,
Дийначара тIаьххьар сайн цIе йоккхуш?

Ас далхийна иллеш хьолхур ду,
Сан къиношна Деле гечдар доьхуш,
Ас массарна вониг гечдийр ду,
Со везначийн бIаьргаш тIаьххьар лоьхуш.

Лаьмнаш дузош догIа доьлхур ду,
Дуьне ма-дду хаза ялташ хьекъаш.
Ас адмашна иллеш дуьтур ду
Сайна тIехул тIаьххьар стигал къекъаш.

Юьртхошка

Со хьелахь генарчу гIалахь,
Даймахка ца боккхуш ког,
Нохчо вац суна ма ала -
Кийрахь ду нохчочун дог.

Чоица ара ца валарх,
Ца тилларх холхазан куй,
Нохчо вац суна ма ала -
Хаалаш со нохчо вуй.

Геналлехь сатуьйсуш хьоьга,
Легашкахь сецабеш къурд,
Юха а хьо гаре хьоьгу,
Лаьмнашкахь йисна сан юрт!

Сан дог ду даима ломахь,
Ойла а лаьмнашкахь ю.
Яхалахь, Нохчийчоь хьоме,
Хьан кIентий хьох тешна бу!

Дайн иллеш озор ду оха,
Дегнашкахь къагор бу суй!
Айало, илли, тIам тоха,
Хаьийта, тхо нохчий дуй!

2003 шо

Хатуев Iабдулхьамид

Нохчийчоь

Лаьттахь дуккха къаьмнаш ду ,
Сийна хIордаш, лаьмнаш ду.
АллахI воцург дела вац,
Нохчийчоь вайн цхьаъ бен яц!

Вониг хестор къилахь ду.
Ийман хьекъор сийлахь ду.
Ши малх стиглахь кхетар бац,
Нохчийчоь вайн цхьаъ бен яц!

Къонах хила хала ду.
Илли хадош валар ду.
Сан кхин хесто Даймохк бац,
Нохчийчоь вайн цхьаъ бен яц!

Цхьаммо зезаг лоьхур ду,
Важа хьоло Iехор ву.
Дагчохь лардан хIайкал дац,
Нохчийчоь вайн цхьаъ бен яц!

Бертахь дахар декхар ду,
Вай цкъа мацца кхетар ду:
Марзо йоцург безам бац,
Нохчийчоь вайн цхьаъ бен яц!

Хатуев Iабдулхьамид

Весет

ГIелбелла, богуш бу
Боданехь чIурам,
Къежделла, маллуш ду
Дахаран тай.
Когаш кIел боьгIначу
Iожаллин гуро,
Ханйоцуш, маьхьарца
Къастор дув ай.

Сихвелла, бохамехь
Нехан дог хьаста,
Доьзална аьттонаш
Бан кхиъна вац.
Къоналло, кхойкхий,
ДIавуьгура кхарста,
Безаршна дитна сан
ХIумма а дац.

Курачу паччахьел
Комаьрша хилла:
Со бахьнехь кхулур бац
Цхьаьннен а малх.
Къихкина лелочух
Ямартло, хIилла,
Кхийрина тIебиссарх,
Яхьйоцу нах.

Делаца ийманехь
ЧIагIвала лууш,
Ас даим хиржина
Лоханиг гу.
Ша хьенан, стенгара,
Мила ву хууш,
Лаьтта тIехь вехаш верг
Декъала ву.

Гечделаш леторна
Бераллин къинош,
ГIалаташ дийларна
Бехке ма ве.
Со наггахь хьахаван
ДагIахь цхьа денош,
Даггара дош алий,
Iодика йе.

Хатуев Iабдулхьамид

Дуьсур ду дуьне

Стигал кхозу
Iаржъелла,
Мархаш елха,
БIарзъелла,
Чурт деш огу
Пхьеро аьлха.
Дуьсур ду хьо,
Дуьне маьлха!

Зинтаг дургал
Такхийна,
ДогIу Iаьно
Човхийна.
Лоцур ду и
Лайно аьрха…
Дуьсур ду хьо,
Дуьне маьлха!

ГаьнтIехь набъеш
Шелло хьоза.
Ане шорло
Доцуш доза.
Даха лууш
Дог ма делха:
Дуьсур ду хьо,
Дуьне маьлха!

Дадас меттахь
ДоIа деш,
Догу пешахь
ТIаьххьар чIеш.
Яшош овкъарш
БIаьрхиш хьаьлха
Дуьсур ду хьо,
Дуьне маьлха!

Дерриг долу
Мацца чекх,
Кхачош хуьлу
Муьлхха некъ.
Дог ца кхета:
Дела?Делха?
Дуьсур ду и,
Дуьне маьлха!

Хатуев Iабдул-Хьамид

***

Лаьмнаш къагош тIома долу маьлхан нур,
Набарх ярташ самайовлу гIиттош кIур.
Хин татолаш орца-басахь иллех лоь,
Туьйранел а хаза ю хьо, Нохчийчоь.

Хьан аренан хелиг ду со,
Хьан аьрзонан пиллиг ду со,
Хьан син хIордан тIадам бу со,
Ахь декъалвахь адам ду со.

Хьан лаамийн тIемаш хийла мерцина,
Хьан ойланийн гIаланаш мел херцийна.
Амма угIу дарц дIасецча гIайгIа тоь,
БIешерашкахь ехар ю хьо, Нохчийчоь.

Дикчу кIентийн дегнаш лур дац цкъа а къеж,
Марса юьйлуш ломахь туьйсу хелхаран кIеж.
ХIора дагчохь безам хестош богу суй,
Къарбан йиш яц хьо Iалашбан биъна дуй.

Хьан аренан хелиг ду со,
Хьан аьрзонан пиллиг ду со,
Хьан син хIордан тIадам бу со,
Ахь декъалвахь адам ду со.

Линкана тIе

Хатуев Iабдул-Хьамид
НАКЪОСТАШКА

Доцург алий, со ма хаставелаш,

Дерг дIадаккхий, со ма вожаве.

Бакъдерг алий, сан дог Iовжаделаш.

Бакъдерг алий, сан дог деладе.

Къайлах-къулах со ма кхайкхавелаш,

Шалхадовлий нах ма кхардабе.

Дуьхьал алий, сан дог Iовжаделаш,

Дуьхьал алий, сан дог деладе.

Шайн дог эшча, даим юьстах лелаш,

Со дIататтий, шайха хер ма ве.

Бохам беънехь, сан дог Iовжаделаш,

Кхаъ а баккхий, сан дог деладе.

Со дIаваларх, юрт ма елхаелаш,

Сан сий айба чурт ма хIоттаде.

Со везначо шайн дог делхаделаш,

Ца везначо шайн дог Iабаде.

Хатуев Iабдул-Хьамид (1952-2011) — нохчийн байтанча, журналист, Нохчийн Республикан яздархойн бертан декъашхо вина 1952-чу шарахь. 1974-чу шарахь цо чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университет. Цуьнан дахаран некъ хедира 2011-чу шеран Дечкен-беттан 17-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG