Камчаткерчу тIеман къайленца доьзна къевлина кхобучу Вилючинск гIалахь хIордакеманна тIейоккхуш ракетан зарратан ягориг Iаьнна. Социалан машанашкахь бахархоша даржийначу суьрто гойту зарратан ягочух стигалахь хIоьттина дохк. Ткъа меттигерчу хьаькамаша хилларг нахана кхерам бохьуш дац, аьлла.
Маршо Радион корреспондента Дедова Надеждас оццу Вилючанскера хаамбина, гIалина уллехула чекхболучу новкъахь кхин зарратан ракета тIехь йолу машен тIекъалъяьлла, бохуш. Зен ца хилла цхьанна а, корреспондента хаамбарехь.