Соьлж-ГIалахь деношкахь «Лолита» кафе чу а иккхина, везвашвоцчу кхаа стага тапчанаш йиттина йийна ши зуда, 55 шо долу Мацагова а, 45 шо долу Эдилсултанова а, вовшийн шичой бара, уьш тамехь ца леларна байина хила тарло, ткъа и доцург, кхин бахьанаш а ду толлуш, дIахьедина Талламан комитетан векалша.
Зуламхой бевдда дIабахана "Лада-Приора" машен лохуш ду шаьш, аьлла талламчаша.