ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Беляева Бирлант. ГIайгIане туьтеш


Косово -- Бусалба стага, буйнахь туьтеш долуш, Пристинерчу маьждиг чохь товбеца-беттан 10-гIа де, 2015
Косово -- Бусалба стага, буйнахь туьтеш долуш, Пристинерчу маьждиг чохь товбеца-беттан 10-гIа де, 2015

Беляева Бирлант

ГIайгIане туьтеш

...Сурта-м ду доггах даьккхина... Доккха диллина луо... Цу лайлахь дIасаидинчу берашa йитина кегийра ларш... Iаьнан юккъерчу баттахь къеггина хьаьжначу малхо хазахетарца Iанийна зIаьнарш...

Дера леррина хьажа хуучунна дуккха а кхин хIуманаш а ма гур ду цу тIехь, ткъа цу уьйтIахь лаймежаргех левзинчарна-м хIетте а........................

ХIара зама дIайоьду сихдинчу боларца, ларамза хецаделла туьйдарг санна, вайга ша йоьду а ца олуш... ХIара сиха ма ю, чIогIа сиха ... Кхуьнан сиха хилар тера-мера а ма дац, ....кхо шена ма тов ма хуьйцу кху дахаран куц-кеп а, бос а, чемаш а ....... Эзарнашкахь гIишлош а харцайо, юха дукха сиха, бехкала яхана кеп а хIиттош , керланаш хьалаайо, берд хаьрцинчохь юрт а юьллу, юрт хиллачохь Iам a хIоттабо... ХIара иштта ю-кх, хIара зама!

... ..........Ткъа дахар? ..Стенах олу" дахар"... Дахар заман букъ юккъера тIум ю-кх....... Дерриге а шена чохь кега а дина, дуьххьара хьуна мерза ю а моьттуш, къаьхьа чам беттало, тIум................

Дахар.......... Цо вай ловза а ца до вайна мел лаарх.. .Ца даьлла, цкъа наггахь хьаста-м хьосту, амма чeхадар алсамо нисло... Чехадар, чевнаш яр .............

Чевнаш....... Уьш мел дукха йо цо.... Дикка бала а кхаьчна, хьажа аьтто а хилла, хьаьвсича, еккъа цхьана чевнех дина хира дар-кх вайн дегнаш... И чевнаш оьшур а яц вайн, дуьненчохь мел дукха дахарх... Ткъа уггаре а кIоргачу чевнех цхьаъ , соьга хаьттича, ша винчу махкара мича воьду а, маца юхавоьрзур а ца хууш, дIаваха араваьллачо шеца дIахьошъерг ю...................
"Йинчу юьртах къаьстича, мегара ма яцара со"- бохуш, цу юьртара урамашкахула ченаш кегош, еддий-хьаьддий лелла йолу хьо, цхьана хазчу... хIа-хIа, цхьана кхоьлинчу дийнахь, цIаьххьана хьала а оьккхий, дIайоьду, вас хилла кхиссало дог аьтто куьйгаца сеца а деш....

Хьо дIайоьду дуьненан йистте...уратталла юха а ца хьожуш.......Юхахьажа лаа-м лаьа хьуна, амма ца хьожу-кх...................... Цу дуьненан йисттехь ахь бен а бо, марзонаш а лоьху, хьалха хьайн цкъа а дуйла а ца хиинчу урамашкахула йолалой а лела, хIора дийнахь цхьа "даккхий" дезарш кхочуш а деш, уьш кхочушдан ца кхиарна а кхоьруш, хьо мила ю а, хьена ю а ца хуучу нехан де дика а, суьйре дика а деш, ирсе хила а гIерташ...... амма ирсе-м ца хуьлу хьо.................цигахь хьо цкъа а ца хуьлу ирсе, хьо хьайх тера а ца хуьлу........... хьо хаддаза йоьлу, хьо хаддаза йоьлху, наггахь, гIаддайча, "Ас хIун леладо-те,суна хIун хилла -те?"- олий айхьа хьайна хьалха хаттарш а хIиттадо, юха цу декъачу хаттаршна жоп ца кардича, холча а хIутту.

............................Цхьана къизачу куьйгашца оззийна лаьттара шен орамашца схьадаьккхина дитт санна хуьлу xьo... Цхьанна а оьшуш а доцуш, некъан йистехь Iуьллуш долу... хьуна ца тоьу хIаваъ, дог дассалo, ойланаш язлой, яьржа... Ткъа дуьне гатлуш санна а хета, де дийне мел дела а.

................Хьо йоьлху, хьо йоьлу...елхарах-еларах ца Iебаш, тIаьххьара а мокхачу цхьаллин хIусаме а кхочу... Цуьнца хьан барт а хуьлу .......... Хьуна гондхьа болучарна ца хаьа ахь хIун леладо, ткъа и хьайн гIайгIа царна ца гайта, ахь леррина дIалечкъайо елакъежаран кирхьана тIeхьа......хьо йоьлху, хьо йоьлу, ахь даккхий синош а доху, чов хиллачу дагчохь хорамех туьтеш а дуцу... Царех, дукха хан ялале, дехха цхьа кочар а кхуьу.....

.... ДIаоьху денош... де, кIира, шо... Юха а хьо йоьлху, хьо йоьлу, массо а санна, массара а санна ахь зезагаш а кхиадо, "Ма хаза ду хIорш", - бохуш... Амма хьо ирсе ца хуьлу...
Денош шерел дахлуш хета, тем байначу сино шен шийла туьйранаш а дуьйцу лерехь, хаддаза шабар-шибарш а деш, хьо ирсе ца хуьлуьйту цо!....... Юха а, юха а хуьлу хьо цхьа хIума яйна стаг санна. Хиллачух кхета гIерта, дерриге а дусту, терзан тIе а дуьллу, хIора сарахь коре а хуьйшуш, гIийла ойланаш а йо... Хаддаза «ХIунда? Маца? Маццалц?» - бохуш чIуг етташ хьийзачу хеттарша са бIарздой а карадо.

Иштта дIаоьху денош-шераш: цхьаъ, шиъ, кхоъ, берхIийтта... Юха хьо кIадло, хьо гIелло... леха яйна хазна, кIадло сатийса а... ТIаккха ахь олу... Цхьаьнгге а ца олу – Хьайга: «Ванах, хIара дуьне массанхьа а цхьатерра хаза а ма ду, ас хIун лоьху-те, ас хIун боху-те, со мича дикане кхача гIерта-те?»

........ Жим-жима айхьа хьо Iехо гIертаран дуьххьарлера билгалонаш гучайийла а юьйлало...Юха хьо йоьлу, хьо йоьлху, ахь тедо са цхьана йоццачу ханна... тедо... амма мел чIогIа хьуна лаарх, са дIате ца туьгу, хьоьга хьо Iеха ца ло... Юха а адамаш... урамаш... денош... шераш дIауьду... Юха а хьо йоьлху, хьо йоьлу, амма ирсе-м ца хуьлу...............
Юьхьанца, хецаделла туьйдарг санна, едда яхана зама, хIинца сихонца, дукха маса, шен уьйриг бан йолало... ТIаккха ...хьо, бIаьргнегIар тоха а ца кхуьуш, йоккха хуьлу... Юха а, хьалха санна, хьо елха а йоьлху, ела а гIерта…хьо йоьлу, амма йишхаьлча санна юьсу..................................

Цхьана хазачу, малхо эсала хьоьстучу дийнахь, хьо хуьлу урамновкъа а хIоьттина, сихачу боларца схьайогIуш, даимна санна хьайн ойланаш а еш. Шайн урамехула хьо чуйолаелча, некъо голатуххучехь, цхьа хаза, лерина хьаькхна Iуьллуш буц хаало хьуна... Ахь дукха ойланаш а ца еш, сихха иза схьа а оьций, цуьнан хьожа йоккху... Хьо тешна хуьлу, цкъа мацах, бераллехь, Дадас мангал тухучу хенахь санна, цунах иза йогIург хиларх... Тешна хуьлу, амма .................

Амма цунах цхьанна а тайпана хьожа-м ца йогIу...ХIоллам санна латта юьсу хьо некъа юккъехь........................ Xеттарш... дагалецамаш... ойланаш – шадерриге а дIахуьлу хьалхара...Уьш хьуна кхин ца оьшу...хьо кхета... кхета... кхин дика кхета йиш а йоцуш... Дерригенах сел дика кхетаро балдаш дегадо...дуьне техкадо...................... Хьо кхета... амма тIакхха а хьо ирсе-м ца хуьлу.............................

XS
SM
MD
LG