ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

1,3 миллионсом лачкъорна - арахь токху хан


Кхело 1 миллион 300 эзар сом низамза доладаккхарна ши шой ялх буттий арахь яккха хан кхайкхийна Хьалха-Мартанан кIоштарчу газан кхачояран хьукматерчу бухгалтер-кассирна, хаамбина юстицин Нохчийчуьрчу декъан векалша. Нахера газах схьаоьцу ахча цо, чоьте а ца доккхуш, шена дуьтуш хилла, боху кхелан сацамо.

Амма низамо 10 шаре кхаччалц набахти кхачайо и тайпа зулам динчунна. Тоьхна хан кIезиг хиларна а, иза шен цIахь а Iаш, такха магорна бехкечун адвокат реза ву, шаьш дагахь дац дов хьаладала, аьлла цо прессе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG