ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гайтукаева Бана. Хаза ду дахар

Нохчийчоь --Соьлж-ГIалахь бIаьсте, 2016
Нохчийчоь --Соьлж-ГIалахь бIаьсте, 2016
Сабардахьара ахь

No media source currently available

0:00 0:00:55 0:00
Линкана тIе

Гайтукаева Бана

Хаза ду дахар

Iалелай, ма чIогIа хаза ду дахар!
Мотт керчи хьан ала-дуьне дош дац.
Ма хьежа сел чIогIа дуьнене бIагIар.
Цундела йижна-кх хьан месаш тIе кIац.

Ма елха, гIайгIано Iовжабарх кийра,
Ирс ма ду лаьтта тIехь гIайгIанал сов.
Бодане буьйса мел хетахь а хийра,
Сирлачу Iуьйрено доьллу шен ков.

БIаьстенан болар ца дайна хьуна?
И йогIу Iаламна батIийна марш!
Ца гина сийначу бацалахь хьуна
ПетIамат дIо малхе кховдина Iаш?

Шовдано ца лекхна хьуна шен эшарш,
Я седа ца гина паналлехь бовш?
Наг-наггахь хиларх вай кхолламо човхош,
Сел мерза, сел кIаьхьа хета и товш!

Iалелай, ма чIогIа хаза ду дахар,
ДIахеца Iожаллин зарзделла пхьош!
Вайгара шена мел цатемаш хиларх,
Вайн латта-м ду хьийзаш - дахар дIахьо

XS
SM
MD
LG