ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Британхо лаьцна Самарехь


ПIераскана Самарерчу кхело шина баттана лаца сацам бина 32 шо долу Британин вахархо Бочиус Ричард. Деношкахь наркотикаш оьцуш лаьцна полицино Самарерчу пачхьалкхан техникан университетан ректоран гIовс волу Бочиус, боху официало. Шена дуьхьал дов айдича, университетера дарж дитина цо. Цуьнан цIийнах хьожуш полицина карийна боху 30 грамм кIомал.

Таллам боьдучу юкъанна шина баттахь Бочиус Ричард лаьцна кхаба магийна кхело. Университетерчу дешархоша, кхетам болуш, дика хьехархо вара бохуш вуьйцу Бочиус.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG