ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нацистийн дашо хила мега меттиг Iуналле эцна Полшин Iедалша


Полшера Вальбжих олучу гIалахь лаьттан бухулахь хила мегаш ю тIехь дашо долу нацисташа дIалачкъийна йолу цIерпошт. И бахьана долуш цу гIалахь кхерамазалла ларъяр чIагIдина Полшин Iедалша. Дашо карийна аьлла хаамаш баьржинчул тIаьхьа Лахара Силезия олучу кIошта бахана дуккха а журналисташ а, дашо лахархой а, хуьлучуьнга хьажа лууш болу могIарера бахархой а. Меттигера талламхоша дуккха а хан ю «дашо цIерпошт» лоьху.

Дийцарехь, цIерпошт лаьтта аьчка некъ бу льаттабухула Вальбжих а, Вроцлав а гIаланашна юкъахь. Цу территорина ха деш бу полицин белхахой а, эскархой а цига баьхкинчу нехана кхерамазалла ларйеш. Полицин векло Associated Press агенталлана бинчу хаамца, цхьа стаг цIерпоштана къел ваххаза ваьлла аьчган некъан тIе а хIоьттина ша шен сурт доккхуш. Вальбжих немцойн гIала хилла ю.

Дийцарехь, цигахь лаьттабухулахь къайлаха дина некъаш ду. Царах цхьанна тIехь лаьтташ йолчух тера ду ШолгIа Дуьненара тIом чекхболуш яйна тIехь дашо долу вагонаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG