СТАГ А, ЛАЬХЬА А
Новкъа воьдуш хилла цхьа стаг. ЦIе а летта йогачу кулла тIе кхаьчна иза. Оцу цIаро холчу хIоттийна, кIелхьарабала меттиг йоцуш бисна лаьхьа.
- КIелхьарабаккха беза аса хIара - аьлла, шегара гIама дIакховдийна некъахочо.
Цу тоьхула схьахьаьдда лаьхьа стеган логах хьаьрчина.
- Аса, цIаро багочуьра, кIелхьара ма-баьккхира хьо, хIунда во ахь со хIаллак, дIахеца со, - аьлла стага.
- Шена дика динчо бен вониг деш ца хуьла, жоп делла лаьхьано.
- Собар дехьа цкъа. ДIамалдехьа сан лаг, оцу боллучу къеначу ноже хоттур ду вайшиммо бакъ муьлхарг ду, я хьо, я со.
Лаьхьано стеган лаг малдина.
Стага ноже хаьттина:
- Аса хIара лаьхьа цIаро багочуьра кIелхьарабаьккхина. Суна баркалла аларан меттана сан логах а хьаьрчина со вен боллу хIара. ХIокхо йийриг харцо ю, я яц?
Ножо иштта жоп делла:
ХIокху шерачу арахь со цхьаъ бен дитт дац. Маьлхан товнехь гIелвеллачу некъахочунна садоIа IиндагIа латтадо аса. Сан IиндагIехь са а доIий: «Ма дика наж бу хьо» бохуш, суна тIера генаш кегдо, гIодах диг а детташ поттарчий йоха. Дика динчо бен вон ца до. Легаш а Iовдий, ве и стаг - аьлла ножо.
Лаьхьано стеган легаш Iаьвдина.
- Собар дехьа лаьхьа, ма вехьа со. Ма харцо ю ахьа йийриг. Ножо аьллачунна со реза вац. ДIогахь бежаш боллучу старе хоттур ду вайшиммо - аьлла некъахочо.
Лаьхьано стеган легаш малдина. ТIаккха старе хаьттина.
- Аса охана а до, мекха а боккху, кир а леладо. Iай а, аьхка а болх бо аса. Оццала со бацош схьавогIачу дас, шена даа жижиг дезчи уьйтIа юккъе охьа а тухий, логах урс а хьокхий боь. Шена дика динчо бен вониг ца до. Легаш а Iовдий ве иза!» - аьлла старо.
Лаьхьано стеган легаш Iаьвдина.
- Собар дехьа цкъа, дIогарчу цхьогале хатта вайшиммо? - аьлла стага.
Цхьогале дIадийцина стага лаьхьа ша кIелхьарабаккхар а иза шен логах хьарчар а.
Лаьхьано дIадийцина ножан дитто аьлларг а, старо аьлларг а .
ТIаккха цхьогало жоп делла:
- Акхаройн паччахь долчу лоьмо суд ян хIоттийна со. Стеган логах а хьаьрчина нийсонца кхел яр доьху ахьа. Цу тIехь хьо харц лоь. Лаг дIа а хеций, лаьтта охьабосса. ТIаккха шиммо а бакъдерг дуьйцур ду алий суна дуй баа. Цул тIаьхьа йийра ю аса нийсонца кхел.
Лаьхьа, стеган лаг дIа а хоьций, лаьтта охьабуссу. Иза лаьтта охьа ма боьсси цхьогало тIе ког а боккхий боь. «Кетаран кач бан ма дика хир яра хьан цIока!» шен дагахь олий цхьогална тоха шалгу ластайо стага. Цхьогал дIаэккхий кIелхьара долу.
- Хьо кIелхьара ваккхарна гIалат со а дели, - аьлла, цхьогало дедда ша юьстахдаьлчи.