Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло даредина, Шемахь оьрсийн тIеман эксперташ хиларх. Кремлан дипломатин хIусаман пресс-секретара Захарова Марияс кхаарийдийнахь бохура, Оьрсийчоьно эксперташкахула кхехьийтина Шема герз, иза террорхошна дуьхьалонна а хьежийна цига. Иштта цо элира. Желтойчоьной, Болгариной хIаваэхула Шема боьду кеманийн некъаш Оьрсийчоьнна бехкар – иза “дуьненаюкъара дастамалла ю.
Оьрсийчоь ша Шемин диктаторна Башар Асадна кхоьхьуьйту герз совдаккха лерина ю, аьлла бара Малхбузехь баьржина хаам. Штатийн КIайчу ЦIийнан векала Эрнст Джоша деношкахь дIахьедира. Кремло и тайпа кир кхехьийтаро эгIабо дуьненаюкъара барт, аьлла.