Керла дешаран шо долалуш ишколашкара хьал дийцаре деш йоккха интервью елла дешаран а, Iилманан а министаро Байханов ИсмаIала.
Цо дийцарехь карарчу хенахь дешархой Iамор,кхетош-кхиор кхузахь Оьрсийчохь санна а, цхьаццайолчу доьшийлашкахь кхин а дикахо дIахIоттийна ду.
«Тхан боккха кхиам бу массо ишколашка тоъал мехаза киншкаш кхачор. Мехкан куьйгалхочо тIедилларца 20I4-чу шеран юьххьехь I миллион сов киншка а эцна, церан кхачо йинера оха».
Ишта дIахьедар дина министаро. Бакъду, кIарг а ца луш, тIехула динчу зераша гойту ишколашкахь дуккха киншкаш ца тоьаш хилар. Цхьана ишколехь бIаьрг кхетта сан кху тоьуш йоцу киншкаш дIаяздинчу кехатах. И ду ас доьшуш дерг. Дийцарехь 8-гIа класс ю хIара жайнаш ца тоьург.
Хьехархоша шаьш коьртах а яьхна шайлахь йийцаре еш ю тоьуш йоцу киншкаш. Цара бегашена а хьахош дац Iедало уьш маьхаза лур ю бохург. Мелхо а цара даре до дай-наноша теттина ахча а луш уьш эца езаш хилар. Шелковск кIоштерчу цхьана ишколера хьехархо ву цу хьокъехь дуьйцуш.
Хьехархо: «Киншкаш тоьаш яц хьуна делахь. Суна цхьана классехь 12 киншка еза-кх. Эца воьлча мел еза ю 700 сом доьху цхьаннах. Дай-наноша уьш муха эца еза?»
Дешаран а, Iилманан а министарна Байханов ИсмаIална кхачо йоллуш ма-дарра девзаш хуьлчух тера дац ишколашкара хьал. Цу доьшийлашкара хьал-де чуьра дуьйна девзачара дийцарехь, кIоштан дешаран урхалло а, ишколан директорша а, библиотекехь йолчу жарганех ерг а, йоцург а бакълена а билгал ца йоккхуш дешаран министаралле харц хаамаш дIакхачабо, йоцург а ю бохуш.
ХIуъа дийцарехь, цара иза до, и киншкаш эцар маьхькIамхоша шайна тIедожор долу дела, шайн чоьтах уьш цаэцархьама. Министро массо хIума ишколашкахь тоаме ду бохуш зевне дIахьедарш дахь а цхьаццайолчу кIошташкахь ишколаш ю дийнна классашкахь цхьа киншка а йоцуш.
II-чу классан исбаьхьаллин ирташ тIехь йолу хрестоматеш йоцуш масала. Цу кепара кхачо йоцурш кIезиг хуьлчух тера а дац, схьагарехь. Цу хьокъехь дуьйцуш ю Соьлж-ГIалин кIоштера Медент аьлла шен цIе яьккхина яхархо.
Медент: «Соьлж-ГIалин кIоштехь ГIуларахь керла ишкол схьайиллина. Эвла йистехь, нацкъара ярал совнаха кхоччуш чохь охьаховша гIанташ а дац, киншкаш а яц. Сан кIантана елларг тишьелла, тIелхиг яьлла ши киншка ю-кх.
Кхиерш эца езаш ю-кх. Дешаран министараллехь киншкаш тоаме ю бохуш кхайкхош ду. Мила хьанна пуьташ буттуш ву-м ца хаьа. Iехош верг мила велахь а, эшам хуьлуш дерш бераш ду».
Хьехархоша а, дай-наноша ечу къароца дешаран а, Iилманан а министаро басарш ца кхоош хьестинехь а ишколашкара хьал, цуо шен хастамечу къамелехь хIиттийна цхьамогIа айдаран хьаьркаш,церан метта тIадамаш а дохкуш хийца мегар ду.