ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Рицкъано дин а хуьйцуьйту


ГIажарийчуьра Европе тховкIело лаха баьхкинчу шиIаташа керста дин тIеэцар даьржаш ду, бохуш дуьйцу хаамийн гIирсашкахь. Шаьш дин хийцича, меттигерчу Iедалша шайна сихонца тховкIело яларе сатийсарца до иза цхьаболучара, ткъа вукхара моттаргIанаш лелайо, шаьш керсталле бовлуш санна.

Кху деношкахь ингалс махкарчу The Daily Mail таблоид газетина тIе а тевжаш, баьржина Германехь цу махка ГIажарийчоьнарий, ОвхIанерий тIеоьхучу мухIажарша кериста дин тIеоцуш ду боху хаамаш.

„Берлинерчу Сийлахьчу Кхааллин килсанахь бIеннашкахь керста дине бирзина доккхачу декъехь ГIажарийчоьнарий, ОвхIанерий орамаш долу мухIажарш“ аьлла яздинера цу газетано шен гезгамашин ворхIалгIачохь араяьллачу артиклехь.

Иштта билгалдоккхуш ду, боккъал а керста дин бакъ дин хиларх тешна берш а царна юккъехь хилар а, амма доккхах долчу декъано керста дин тIеэцарх пайда а баьлла, шайна Германехь бисар а, цигахь политикан тховкIело ялар а аттачу дер хиларе сатуьйсуш и гIулч йоккхуш хилар а.

ХIунда аьлча, шаьш дин хийцина хилар шайн даймахкахь гучудалахь, и бахьана долуш шайна таIзарш дийр ду, ткъа таIзарийн кхерам болчу махка шаьш Германино юхахьовсор дац бохург ду цара сатуьйсург.

Газетано, ша цу хиламан теш хилчаха, дахкадо цхьа гIажархо керсталле воьрзучу мIаьргонийн сурт кху кепара: „Керисталла дуьллучу хенахь пасторо Мартенс Готтфрида хотту мухIажаре – гIажархочуьнга Зунуби Iеле: „Кийча вуй хьо йилбазах а, цуьнан гIуллакхех а дIакъаста? Кийча вуй хьо бусулба динах дIакъаста?“ олий.

ТIаккха Зунуби Iелас ву ша а олий, иза шиIат волчера керста хуьлу. Цо сатуьйсу, хIинца шен кочах жаIар хилча, ша кхечу немцойх къаьсташ а хир вац, Германин бюджетера диканех пайда эца а таро хир ю ша бохучух“.

Иштта ду шен кест-кеста харцдерг дийцарца а, аьтто-консервативан хьежамашца а девзаш долчу булвара-газетано The Daily Mailс бусулбачара керсталла тIеэцарх яздар.

Ткъа бакъдолчехь, Маршо Радионо бинчу талламца, и артикл газетано масех бутт хьалха Германерчу Берлинер Цайтунг газетехь араяьллачу артиклан тIера кийсакаш схьа а эцна, олуш ма-хиллара, жимма царна тIе басар а тоьхна, вовшахлатийна ю, хетарехь, кху кIиранашкахь Европе хьаьлхинчу мухIажарийн тема котйаларна а, Британера консервативан ницкъаш мигранташ Европерчу социалан диканашка сатессина оьхуш бу боху ойла йоькъуш хиларна а.

The Daily Mail газетано шен луучу агIор хийцинчу Берлинер Цайтунган артиклехь яханчу бIаьста дуьйцуш дара, Берлинерчу Сийлахчу Кхааллин килсехь шиIаташ болчу гIажархоший, овхIанхоший керисталла тIеэцарх лаьцна.

Ур-атталла мозгIаро Мартенс Готтфрида дин хуьйцучу гIажарийчоьнца дина къамел а цхьа дош ца хуьйцуш схьаэцна таблоида, еккъа цхьа керисталла тIеоьцуш цIе ах хийцар бен.

Немцойн хаамийн гIирсо хIетахь дуьйцуш дара, цхьаццаболчу Германерчу шиIаташ дин хийцаран бахьанех лаьцна, амма цхьанна а дашца хьахийна дацара цара иза социалан бахьанашца до аьлла.

Бакъдолчехь, и хилам, исламан шиIатийн гара лелочара керисталла диллар, керла дац. И тенденци Европехь тIаьхьарчу шерашкахь кхуьуш ю.

Бакъду, наггахь бен бац царна юккъехь боккъал а кериста дин тешамца тIеоьцуш берш. ШиIатийн кхетамца цара шайна магош шех

такъийя олуш долу, цхьаццадолчу хьелашкахь шайн дин къайлахьош, керисталла дан а, харцдерг дийца а магор ду. Хетарехь, Европехь керистанийн юкъараллехь и принцип йолчух тера ду цара юхьаралоцуш ерг.

Венерчу мухIажаршна гIо даран цхьаьнакхетараллин белхахо йолчу Магомадова Дианин шен балха тIера дика девза шиIаташ кериста дин тIеэцарх дерг. Цунна хетарехь, цара дин хийцар доккхачу декъехь формала хIума ду.​


Магомадова: „ХIинца дукха схьаоьхуш бу мухIажарш бусулбачу мехкашкара Европе. ТIаккха церан схьабахкаран бахьана ду, уьш бусулба хилар бахьана долуш шайна шайн даймахкахь бала хилла бохург. Ткъа Европехь паргIато ю.

ТIаккха цара олу, Дела цхьаъ ву, АллахI ю цуьнан цIе, муьлхачу а маттахь алахь а. Цундела шаьш Дела цхьаъ веш ду, ткъа дин муьлха а хилча а бен а дац, цундела шаьш дин хуьйцу олу цара“.

Дукха хан йоцуш Австрехь бехачу нохчашлахь даьржира, Венерчу цхьана доьзалерчу кхиазхочуо кериста дин тIеэцна боху хабар. Доьзалехь дика Iуналла ца дина аьлла, берийн хьукмато цхьаьна кхечу доьзале дIаеллачу цу йоьIан ден нанас даржийнера и коста социалан машанашкахула.

Социалан белхахо йолу Магомадова Диана ю, берийн хьукматийн агIор цу доьзална Iуналла дечарна а, иза дика бевзачарна а юккъехь. Цуо чIагIдо, нохчийн йоIо кериста дин тIеэцна боху хабар цхьа а бух боцу эладитта ду бохуш.

Магомадова: „И йоI 13 шо долуш ю, цуьнан кхин а шиъ йиша а ю, Iедало доьзалера схьа а яьккхина, автсрихошка кхиайайта дIаелла. Цу йоIа керста дин тIелаьцна бохуш цуьнан ден нанас долийна ду иза, ша цуьнца цхьаьнакхета яханчу хенахь, иза шена дуьхьал еънера, кочахь жаIар а долуш, тIаккха ша аш хIара хIунда оьллина кхуна аьлла иза тIелаьцначу доьзалерчу нахе кхаьттича, цара хIара маьрша мохк бу, иза хIинца кериста ю элира шега бохуш даржийнера цо.

Амма суна гуш долу сурт кхин ду. И йоI а, цуьнан нана а суна гина, гуш а ю, бакъдац иза кериста дине яьлла бохург. Я цуьнгахь цкъа а жаIар а ца гина суна, я цо олуш а ца хезна ша кериста ю аьлла.

Мелхо а, цуьнан нана цунна бисмаллаш Iамон гIерташ яра, и йоI ша реза а йолуш, шена лаьара бисмалш а, доIанаш а Iамон бохуш яра. Цхьа а билгало гина яц суна иза керста ю аьлла“.

Цу юкъана Британерачу булваран газетано ах хардерг а, важа бухадисина бакъдерг шайна хеттачу агIор басар а тухуш, раз доккхуш язйина йолу артикал цитаташца яьржина доллучу дуьненехула.

Ур-аталла цхьа могIа Европерчу а, Оьрсийчуьрчу а хаамийн гIирсаша а тIетоьхна и хаам, Европехь бусулбанаш социалан диканех пайда эцархьама кериста дине боьрзуш бу бохуш.

Бина таллам я дахкош тоьшаллаш а доцуш.

XS
SM
MD
LG