Даима а санна, дехьа-сехьа кIоршаме дош а кхуссуш нислой, гIарадовлу и девнаш. Маршо Радионо карладоккху, хьаьнца, маца, хIун бахьанехь эгIна Путин шен кумир лору куьйгалхо-кавказхо.
Кадыров Рамзанан мостагIий
ТIаьххьарчу муьрехь хьалха хиллачул а алсам хаало пачхьалкхан лаккхара хьаькамаш,бевзашболу политикаш, журналисташ Нохчийчуьрчу ражан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца эгIаш.
5
Кадыров Рамзан 2015 шо: «Хьекъалх эшначу леларца-аларшца ша шен гIуллакхаш талхийна Ходорковскийс. Бусалбачу нехан мостагI кхайкхийна цо ша. Сайн мостагI а лору ас иза».
Ходорковский Михаил 20I5 шо: «Суна хези, ас тIе а леци Путин Владимирна тешаме агIончин кхерамаш. Парижехь диначу терроран зуламал къаьсташ бац Кадыровн кхерамаш. Цуьнан Iалашо - со кхерор, сан дош сацор. Амма ас селхана а аьлла, тахана а боху, тхо кхерадалур дац". (Мехкадаьтта доккху "ЮКОС" компанин куьйгалхо а волуш, набахте хьажийна, цигахь 10 шо даьккхина Ходорковскийс).

6
Парижехь «Шарли Эбдо» журналан белхахой байича, «Эхо Москвы» радион сайтехь хаттар хIоттийра радион куьйгалхочо Венедиктов Алексейс: «Оьший те Парижехь зорбанан хаамаша шайн байинчу «Шарли Эбдо» журналан белхан накъосташна дуьхьал юха а яхка зорбане Мохьаммад-пайхамаран карикатураш?
Кадыров Рамзан 2015 шо: "Венедиктов Алексей халкъашна юкъа стим таса гIерта шен провокацин хеттаршца, со тешна ву, Iедало низаме ерзон еза радио, къоман барт эгIо гIерта иза, Iедало тергонза дитахь, карор бу Венедиктов жоьпе озонберш а».

7
Кадыров Рамзан (20I4): «И каляпин-маляпингIар, и Европерчу долларна бохкабелла нах, …Цара даймохк боьхкина…. Кху лаьтта тIехь хиллане хир яц шайтанан хьожа-мода йолу хIуманаш»
Каляпин Игор (20I5): «…Эстемирова а шен куьйга ма ца йийна Кадыровс, амма иза йийна Кадыровс цунна тIе гIакх хIоттийча». (Адамийн бакъонаш ларъечу "Iазапна дуьхьалояран комитетан" куьйгалхо).