Даима а санна, дехьа-сехьа кIоршаме дош а кхуссуш нислой, гIарадовлу и девнаш. Маршо Радионо карладоккху, хьаьнца, маца, хIун бахьанехь эгIна Путин шен кумир лору куьйгалхо-кавказхо.
Кадыров Рамзанан мостагIий
ТIаьххьарчу муьрехь хьалха хиллачул а алсам хаало пачхьалкхан лаккхара хьаькамаш,бевзашболу политикаш, журналисташ Нохчийчуьрчу ражан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца эгIаш.
1
Ша дохучу а, шеца дохучу а девнашкахь тоьлаш схьавогIу Кадыров Рамзан цкъачунна.
2
Къилба-Сахалинерчу кхело Къуръанал аяташ листаран хьокъехь.
Кадыров Рамзан: «Iедалан урхаллаша догIучу низамашца и гIуллакх ца листахь, ас доьхур ду жоп, хIунда аьлча, Къуръанал деза, мехала хIуммаъ дац сан. Сайна чохь са мел ду ас чIагIо а йо КъурIан лардан. Оццул маьттаза сацам бинарш къоман мостагIий бу, шайтIанаш ду, шайтIанаш дац бохурш а ду шайтIанаш».

3
Кадыров Рамзан (2013): «Роснефто» вуно кIезиг охьадуьллу ша тхан махкара доккхучу мехкадаьттан механ дакъа».
Сечин Игор (Кадыровх лаьцна): «Кадыровга шегга сан хеттарш дац. Сан хеттарш ду, и хьекъална эшна хьайба куьйгалле хIоттийначуьнга». (Сечин Игор - мехкадаьтта доккхучу "Роснефть" компанин куьйгалхо)

4
Орлов Олег 2009 шо: «Кадыров Рамзана кхерамаш тийсина хиллера Эстемирова Натальина, сийсазъеш, шен мостагI ю аьлла дIакхайкхийнера. Тхуна ца хаьа, я Кадыровс омра делла Эстемирова ен, я цуьнан уллерчу гоно Кадыровна томана йийна иза». (Бакъоларъяран "Мемориал" юкъараллан куьйгалхо)
Кадыров Рамзан 20I0 шо: «Хуьлийла иза Орлов, хуьлийла иза зуда я борша стаг Гуьмса-кIоштан «Мемориалан» я кхечу муьлхачу а… Уьш сан агIончаш бац. Уьш къоман мостагIий бу, низаман мостагIий, пачхьалкъан мостагIий».