ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юккъерчу Азехь чIагIлуш ю Кремл


Таджикистанна Кремло гIодийр ду махкахь къепе чIагIъеш, аьлла Путин Владимира цигарчу президенте Рахмон Эмомалига Душанбехь Советан Iедалх мукъаевллачу пачхьалкхийн кхерамзаллин кхеташонехь шинарийдийнахь.

Таджикистанехь деношкахь, 40 сов стаг а вуьйш, лилхина тIематасадаларш хьахош хилира и къамел. Душанбехь а, цунна гергарчу кхечу меттигашкахь а мехкан тIеман министран гIовс Назарзода Iабдулхьалим коьртехь а волуш, полицин дакъошна тIелетира эскархой итт де хьалха.

Мехкийн саммитехь Путина ша гIайгIане ву элира ОвхIанистанера зуламе болам Таджикистанехула а, Юккъерчу Азин кхечу мехкашкахула а баржарна.

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG