ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а .. Шарли Эбдо


Франци -- "Charlie Hebdo" журналан мужалт
Франци -- "Charlie Hebdo" журналан мужалт

Даханчу Iай террорхоша тIелатар бахьана долуш доллучу дуьненчохь довза доладеллачу Францерчу Шарли Эбдо журнало шен рогIерчу карикатурашца инзарбаьхна миллионаш нах. Ши кIира хьалха хIурдалахь деллачу Шемарчу берах кхаьрдаш сурташ зорбане даьхна журнало.

Доллучу дуьнентIехула чекхдаьллера хьастагIа Туркойн Бодрум гIалин хийистехь карийначу деллачу беран сурт. Жимчу резяьнки хIурдакеманца Туркочуьра Европе кхача новкъабаьлла хилла Шемара КурдигIеран доьзал, цхьа да дIаваьккхичахьана, бохам а хилла, берриге а беллера.

Ткъа кхо шо долу Айлан цIе йолу церан кIант тIулгIеша хийисте схьакхоьссинчура туркойн полисхошна карийнера. Тайник санна бертал Iуьллучу цу беран сурт кху беттанашкахь кхоллаеаллачу мухIажарийн декъазчу хьолан символ а хилла дIахIоьттира. Амма, гарехь, цу бохамах а, цу бехк боцучу жимчу беран къиза даларех а кхарда хIума карийнарш а хилла адамашна юккъехь.

Масала, даханчу Iай террорхоша тIелатар дар бахьана долуш шуьйра довза даьлла Францера сатирикан журнал Шарли Эбдо. Цуо шен рогIерчу лоьмарна тIетоьхна веллачу Айланах а, бохам ловчу мухIажарех а, бусулба нахех а кхаьрдаш йолу карикатураш.

Царех цхьаммо гойту велла Iуьллуш волу Айлан, „дIакхочуш воллура цхьа минот ца яьллехь“ бохучу маьIнера йоза а долуш уллехь яздина, „цхьаннан меха щиъ ло шуна“ боху дешнашца гайтина евзаш йолчу Iамеркахойн фаст-фудийн ресторанан реклама а йолуш.

Цхьана кхечу карикатури тIехь гойтуш ву Iункар хичу вахана волу Айлан, гуш когаш бен а боцуш, ткъа хи тIехула дIавоьдуш Iиса пайхамар волчуха виллина цхьа стаг а волуш. ЦУ суртан тIехула яздина: Европа керистанийн хиларан тоьщалла ду хIара. Керистанаш хи тIехула лела, бусулбачийн бераш хи чу оьху“ аьлла.

Гаррехь жимчу беран даларах кхаьрдаш долу и сурт маьттаза хилла ца Iаш, ксенофоби а, динанашна а, адамашна а юккъехь гамо яржош а ду. Ткъа дешан маршо хIуъу дийца а лелон а магор санна тудучу журналан схьаболчу авторша хIинцалерчу шайн леларца гайтина шаьш цхьа а адамаллин хьаса боцуш, еккъа цхьа скандалий, провокаций лоьхуш хилар – иштта ю и журнал арадаьлча дуьйна схьа интернет машанах цу сартех шайн Iадор а, шаьшна уьш маьттаза хетар а довзуьйтучу тайп-тайпанчу къаьмнех болчу нехан юкъара ойла.

Дешан маршо я синан боьхалла? Конституцино ларцеш йолу исбаьхьаллин маршо я доза доцу маьттазалла? И хеттарш ду социалан машанашкахь дийцаре деш.

Йистаха ца бисина цу дийцаршна дуьненан тайп-тайпанчу маьIIешкахь бехаш болу вайнах а. Иштта Германехь Про Азюль цIе йолчу юкъараллехь болх беш, хIора дийнахь тIеоьхучу мухIажарийн баланаш гуш йолчу Хамбулатова Сацитас дийцира Маршо радионе, шегахь а, шена бевзачаьргахь а цу карикатураш кхоьллинчу дегазаллех лаьцна.

Хамбулатова: „Доллучу дуьненна дагах кхетта долчу цу кхо шо долчу Айлан цIе йолчу кIентан валарх оцу редакцин чIогIа самукъадаьлла хилчух тера ду. Ма-ярра шайн амалш а. Шайн юхь а гойту-кх цара. ХIинцалца схьа цара бусулба дин а, бусулба нах а сийсазбечу хенахь иза дешан маршо ю бохуш дIадерзош дара. Ткъа хIинца массо а адамаллин дозанашкара уьш арабевлла. Дешан маршо иштта ца хуьлу. Цхьанна а културехь а, цхьанна а динехь а магош дац Iожаллех велар. Бер ма ду иза“.

Австрехь ехаш йолу Гелаева Хьава нохчийн зударийн тобанашца кест-кеста Венерчу цIерпоштийн вокзале а, Трайскирхенерчу мухIажарийн лагере а йоьдуш, схьаоьхучу мигранташна гIодечарех ю. И велла кIант гичахьана цуьнан васт дагара ца долу шена бохуш дуьйцу цуо, ткъа Шарли Эбдона хIун хазделла цу суьрта тIехь, цунах карикатураш ялла?

Гелаева: „Оццул хаза бер ду иза, наб кхетча санна Iуьллуш ду иза хIурда йистехь. Иза гича дуьйна дагара ца долу суна иза. Иштта массо а нах а бу и бер дуьйцуш. Цуьнца хIун гамо хир ю?

Цунах карикатура а йина, цу нахах белам а баьккхина, „кхуза схьакхача гIерташ дарий шу“ бохуш, „бусулбаниш хи чу оьху, керистаниш хи тIехула лела“ бохуш нехан бохамах кхаьрдаш, схьагойтуш и сурт долушехь, цхьа адам ца дели, хьовсийша, шу стенах кхаьрдаш ду, хIунда леладо аш и хIума цаьрга ала. Карикатура муха йо цу берах? Карикатура цхьана хIумнах велархьама, самукъадаккха еш ма ю. Ткъа кхузахь хIума ма дац самукъадала! Дела Iуьллучу жимчу берах карикатура муха йийр ю?“

Лакхахь къамел динчу Хамбулатова Сацитас билгал ма-даккхара, кху лаьттахь муьлхачу а къаьмний а, динийн а Iадат ду, адамаллин истори йолаелчахьа валарца а, Iожаллийца а ларам хилар, цунах ца кхардар, иза сийсаз ца дар. Амма и доза хадийна шен скандаллалла лехарца гIардаьллачу Францерчу журнало.

Цу сарташ инзарбаьхначарна юккъехь цундела интернетан жигархой хилла ца Iа. Iаьржачу адвокатийн дуьненаюкъара цхьаьнакхетаралла цIе йолчу тIеIаткъамечу юристийн тобано дIахьедар дина хIинцале а, шаьш Шарли Эбдо Дуьненаюкъарчу зуламийн кхеле лур ду аьлла. Цу тобан куьйгалхочуо ХIерберт Питера хаамийн гIирсашка динчу дIахьедарца, Шарли Эбдо шеко а йоцуш, расиссталлийн а, ксенофобийн а хьежамаш болу журнал ду, нахана юккъехь гIелонаш ярний, харцонашний пропаганда яржош долу.

Кадерий-те нехан бохамах кхарда Iеминчу журналан хIинца а дешан маршонца шен сарташ кIелхьарадаха?

XS
SM
MD
LG