ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яккхий маIаш йолу Маж-Дадий, ЦIен когаш болу Нана-Газий, буьхьигашший. (Туьйра)


ЯККХИЙ МАIАШ ЙОЛУ КЪЕНА МАЖ-ДАДИЙ, ЦIЕН КОГАШ БОЛУ МЕСАЛА НАНА-ГАЗИЙ, БОЬХЬИГАШШИЙ Яккхий маIаш йолу, къена Маж-Дадий, цIиэн когаш болу Месала Нана-газий ховха буц а яа, шийла шовда а мала, боьхьигаш якхо, шура а IаIо, Уккал-Ирзе яжа яхна. Шаьшшиъ арайолуш, яккхий маIаш йолчу къеначу Маж-Дадассий, цIен когаш болчу месалчу Нана-газаной боьхьигаш, хьоьстуш, кхийлина: - Варе, диканиш, чуьра ара ма йовлалаш, неIаран зайл дIа ма баккхалаш, чохь вон лелаш, чан ма яккхалаш, Маж-дадин чан мотт а ма кегабелаш, йоьлхуш, тхуна са а ма гатделаш. Дадий, бабий цIера даьлча, жима ши боьхьиг ловзаяьлла: неIаре йодуш, коре эккхаш, ловзуш, чохь ченан кIур хIоттийна, Маж-дадин чан мотт а кегийна, мала хIоттийна хи а Iанийна, мукх чуьра кад а харцийна, туьха чуьра бошхап а дохийна, дижна Iуьллу пису сама а даьккхина, шера йиллина цIенкъа а аьгна шина боьхьиго. Муьргийн хьуьна чуьра араяьлла, юьрта богIучу ширчу новкъа, ког байбеш, хих а яьлла, тебаш, еъна боьхьигаш йолчу цIийнан неIаре хIоьттина кан тилла къена борз. Меллаша ког а гIортош барзо неI дIатеттина. НеI дIа ца еллаелла. ЧIагаро тата дича цецъяьлла ши боьхьиг, неIарехьа а йирзина, ладогIа хIоьттина. ШозлагIа а ког гIортош, барзо неI дIатеттина, боьллина зайл а саттош, неIара-сагIа цIевзина, ши боьхьиг кхоьруш цецъяьлла. - Мила ву цигахь чу ван гIертарг? Дийнан делкъехь неI сетториг? - аьлла, хаьттина боьхьигаша. Лаг сеттош, аз а хийцина, хьасталуш, йистхилла кан тилла къена борз: - Со шун нана ю. Сан хьоме маьIа-цIоьлгаш, дIаелла неI, же диканиш! - ХIан-хIа, йоьллур яц, хьан аз гIоргIа ду, къамел шога ду. Хьо тхан нана яц. Тхан хьоьца гIуллакх дац. - Муха ду ткъа шун ненан аз? - хаьттина барзо. - Шовда санна, декаш ду, пондар санна, лекхалуш ду, - жоп делла боьхьиго. - Сайниг дац ткъа иштта? - аьлла, йиш лакха йоьллачу кан тиллачу барзо шеха гIаргIаш бина. - Тера а дац хьан аз тхан неначух, данне а, хьо тхан нана яц, тхойшиъ хьох тешар яц: дIаяла цигара, дIагIо, аьшпаш бутту кIилло. - Сан аз гIаргIделла, шийла шовда мелла. Сан къамел шагделла, бецан хьалгаш ийзина. Ас кхин хIун билгало гайта шуна? Жоп ло, - хаьттина барзо. - Тхан ненан когаш цIиэн бу, цуьнан болар хаза ду, - жоп делла боьхьиго. - Зайл дIа а баккхий, неI херъел, сан диканаш, ас ког гойту шуна, - аьлла, боьхьигаш лейина, неI а херъяйтина, чуиккхина кан тилла къена борз. - Меъ-ме-э-э-эъ! Меъ-ме-э-эъ! - бохуш, Iоьхуш, орца дохуш сонера соне лелхаш, кхераелла ши боьхьиг. Чухула едда, и шиъ кхалла борз тIаьхьаяьлла. Ши боьхьиг кхоссаелла пеша тIе яьлла, Пису, цецдаьлла, гIаьттина, борз гича дусаделла, барзах лата кечделла. Маьрс-маьрсал цергаш а гажийна, кед-кедал бIаьргаш къарзийна, ши боьхьиг кхалла цхьа чIогIа масъелла, кан тилла къена борз пешах хьалатасаелла. «ПIи-Iаьв-в-в-в! Хиш-ш-шшт! Хишт», - аьлла, хьалакхевдинчу барзана цициго мIараш тесина оцу цIумари тIе. Кан тиллачу къеначу берзан бIаьргашна бода хIоьттина. Даръелла борз цицигана чугIоьртина, цициг кхоссаделла пхьегIаш хIитточу уьн тIе даьлла. - Охьадосса цу тIера, хьо майра делахь! - бохуш, хьала хьоьжуш лаьттачу барзана, цицго шар чохь долу бога чухецна. Коьртах бога кхетта, тентиг а яьлла, юьхьа тIехула шар а Iийдалуш, борз чухула хьийзачу хенахь, сийн-сийначуьра буц а кхоллуш, шийл-шийлачуьра шовда а молуш, сарралц ежаш юьзна, боьхьигаш якхо шура а IаIийна, барзах лата ницкъ а гулбина, некъан бохалла нох а дохуш, цIехьа йолаелла яккхий маIаш йолу къена Маж-дадий, цIен когаш болу месала Нана-газий, еъна цIа кхаьчна. Йиллина лаьтташ неI а яйча, чухула хьийзаш борз а гича, «Меъ-ме-э-э-э! - бохуш, боьхьагийн орца а хезча, хиллачух кхетта, барзана Iотта маIаш а ирйина, цIеххьана чуиккхина яккхий маIаш йолу къена Маж-дадий, цIиэн когаш болу месала Нана-газий. - Кхера ма лолаш, тхан хьомениг! Шун дай, наний орцах кхиъна, берзан хIинца лен хан кхаьчна, - аьлла, цхьацца агIор цхьабосса маIаш Iоьттина, чуо-куо охьа а йохуьйтуш, кан тилла къена борз йийна дадас, бабас. ХIетахь дуьйна яккхий маIаш йолчу къеначу Маж-дадассий, цIиэн когаш болчу месалчу Нана-газаной аьлларг деш, чохь вон ца лелаш, чан а ца йоккхуш, йоьлхуш са а ца гатдеш, къеначу Маж-дадин мотт а ца кегош, хаза хьалакхиъна ши боьхьиг.
XS
SM
MD
LG