БАРЗАНА БИНА ТЕШНАБЕХК
Цхьогал дара ижуна арадаьлла, хьуьн чохь кхерсташ лелаш. Таллархочо боьгIначу гура тIе кхечира иза. Цу тIехь доллучу жижиге безам бахана, бетах мотт а хьоькхуш, гондахьа хьийзара мекарниг.
- Ма нисделла жижиг а ду! Цхьана тешнабехкана диллиний техьа хьо? - бохура цо ша-шега.
Циггахь тIеIоттаелира борз цунна.
- Хьо хIун деш Iа, ва цхьогал, и жижиг ца дууш? - хаьттира цецъяьллачу барзо.
- Цу веза-воккхачо пераздина тIедиллина, марха ду сан тахана. Марха досту хан хиларе хьоьжуш Iа со.
- Делахь хIета, хьо марха досту хан хиларе хьоьжуш Iе. Жижиг аса дуур ду, - аьлла, цхьогал дIа а човхийна, жижигана тIекхийтира борз. "ТIох!" аьлла, гур иккхира, берзан ког а лоцуш. Лазийначу барзо "гIигI" оллушехь, багара жижиг дуьйжира. ТIекхетта, барзана хьалхара жижиг схьа а эцца, юьстах а даьлла, даа охьахиира цхьогал.
Борз шекъелира цхьогало аьллачух.
- Ахьа-х хьайн марха ду бохура. ХIинца хIунда доу ахьа жижиг?
- Суна гергахь, сан марха досту хан хилла. Хьан марха досту хан хилаза ю.
- Маца хир ю техьа аса марха досту хан?
- Гур боьгIна таллархо тIекхаьчча хир ю, ахьа марха досту хан, жоп делира цхьогало.
Гуро лаьцна борз хьега а еш, цхьогало жижиг дуучу хенахь схьагучувелира таллархо. Цхьогал дедда кхин а гена делира.
Борз, гурах ка а етташ, дIатохаелира. Цунах бIаьрг кхетча таллархо гIадвахара.
- ХIаа, тIупча лаьцна! ТIупча лаьцна!
- Со-м яц тIупча. Со борз ю. ДIахецахьа со! Аса хIун дина хьуна?
- Жа юккъе иккхина, уьстагIий цистира ахьа? Эвлан йисте дIалаьллина эса диира ахьа? Бабин мокха гIаз йиира ахьа?..
- Аса кхин уьстагIий а цоьстур дац, бабин гIаз а юур яц. ДIахецахьа со.
Цо иштта хьастаелла аьлча, цунах къа а хетта, таллархочо дIахийцира борз.
Ша дIахецарна таллархочунна баркалла а аьлла, шена тешнабехк бинчу цхьогалин тIаьхьаелира борз. Цунах бIаьрг ма-кхийтти, дала детталуш санна, охьадижина, когаш хьоькхура цхьогало.
- Хьуна хIун хилла, ва цхьогал, леш-м ца доллу хьо? - хаьттира барзо.
- ДIовш тоьхна дара и жижиг, хIинца иза а диъна, со леш доллу. А-а-а-хI! А-а-а-хI! ГIо дехьа суна.
- Ас хIун гIо дийр ду хьуна? Ахьа суна бина тешнабехк бу иза, хьох баханарг.
- ЭхIий, сан ваша, цунах дIовш тоьхна хир дуйла а хууш Iарий со-м и ца дууш. Ас сайна хIара болх ца бинехьара, хьо тешар ма яцара.
- Со гуре хIунда лацийтира ахьа? Хьажал ахьа лазабайтина ког! - тIечевхира борз.
- Гуро дIа ца лаьцнехь-м со дIаэккхийна и дIовш тоьхна жижиг а диъна, хьо лийр яра, - бехказдуьйлура цхьогал.
- И бакъ бохура ахьа, сан йиша. ХIинца соьгара хIун гIо оьшу хьуна? - хоьттура оьгIазъяхначуьра ястаеллачу барзо.
- Эцца хин йисте а гIой, хи чу цIога а Iоттий, юхайолахьа. И цIога ластийна, хин цинцаш тоьхча, толур дара-кх со, - элира цхьогало.
Цо бохург бакъ ду моьттуш, борз хин йисте яхара. Цхьогал, иза юхакхачале, дедда дIадахара.