ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МухIажирша хIинца зуьйр ю Словаки


Венгрино шен дозанаш къовларца луларчу Хорвате хьовдийтира Европе кхача арабевлла Малхбалера мигранташ. Амма Хорватино а йо царна, Венгрино а санна, дуьхьало. 6000 сов мухIажир ву шайн мехкан лаьтта тIехь, кхидIа доза а хадийна, дIаваха гIерташ, хаамбо хорватийн полицино.

Загребна гонахарчу мигрантийн центршкахь дIа а язбина, шаьш кхин а дIабохуьтур бу и нах, боху полицино. Хорватин могашаллин министра Варга Синиша 20 000 мигрант чукхача тарло шайн махка тIедогIучу шина кIиранах а , аьлла.

Венгри а, Хорвати а санна, мигранташа чIагIо зуьйчу Европан мехкийн рагIхь юссу Словакина тIе – цигахула бевллий бен кхочийла дац мухIажирийн шаьш некъ лаьцначу немцойн пачхьалкхашка.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG