ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь жоп дала дагахь ю Iамеркана


Германехь Iамеркин кхин а 20 атоман бомба дIатаръяхь Оьрсийчоьно оьшуш долу жоп лур ду аьлла дIахьедар дина Кремлан зорбан секретаро Песков Дмитрийс.

Цо дийцарехь атоман бомбанаш Германи яро йохор ю Европера стратегин баланс. Ткъа и баланс юхаметтахIотто Оьрсийчоьно цунна дуьхьал гIулчаш йохур ю бохуш вара иза.

ТIаьхьо оьрсийн тIема-дипломатин векалша хаам бира журналисташна, Песковс дуьйцург Калиниград махкахь «Искандер-М» олу ракетийн комплексаш дIахIиттор ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG