ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIурбан Де Нохчийчохь

ГIурба – бусулбанна суннат дина деза де. Аьтто болучо юкъахдита мегар а доцуш. Цхьамма гIурба дийча, массарна а кхачамбо цо: доьзална а, лула-куларчу бонашна а.


ГIурбанна урс хьакха мега хьайбанаш: эмкал, бежана, уьстагI, газа.

ГIурбанна ен мега эмкал пхи шо кхаьчна хила еза, бежана, газа – ши шо кхаьчна, уьстагI – цхьа шо. Эмкал, бежана ворхIанна тIера ден магош ду. Нагахь уьстагI шо кхаьчна бацахь, амма хьалхара цергаш охьаэгна белахь, иза гIурбана урс хьакха магабо.

Цул совнаха, гIурбанна доь хьайба жижигана эшам бечу сакхтех цIена хила деза. БIаьрг баьлларг, астагIаниг, гирзадаьлларг, тIех гIийланиг, лерг доцург мегаш бац гIурбанна. Амма лергана Iуьрг даьккхина, я кIеззиг лерг хадийна хилча, гIурбанна иза магабо.

ГIурбан денош ду Нохчийчохь а. Маршо Радион фотокорреспонденташа Елхоев Лечас а, Хасимиков Сулбана а дакъалецира парз кхочушдеш.


Хьажа кхин дIа а

New Comments Available
XS
SM
MD
LG