Кундуз гIалин доккхах дакъа ОвхIанистанан Iедалан ницкъаша мукъадаьккхинехь а, арадовлаза ду цу чуьра цхьадолу тIалибийн дакъош. Меттигерчу бахархоша пIераскана бинчу хаамашца, нехан хIусамашкахь лечкъина бисина дуккха а тIалибаш. Кундуз провинцин губернаторан гIовса Даниши ГIамдуллахIа, гIалахь буьйса тIемаш боцуш, дика дIаелира, элира журналисташка. Амнести Интернейшеналан бакъоларъярхоша дийцарехь, Кундузехь къизалла гайтина чубаьхкинчу тIемалоша: байина алссам нах, хьийзийна зударий. Кундуз йитинчу тIалибаша ОвхIанистанан кехчу провинцешкахь дIалецна меттигаш.
Бадахшан провинцин губернаторан пресс-секретара даржийна, шаьш долчохь цара тIемашца караерзийна Вардуй къошт, аьлла. ПIераскандийнахь, оцу юкъанна, Джалалабадехь аэродромехь чуьра 11 стаг а леш доьхна Iамеркан Штатийн тIеман кема. Беллачех 6 Iамеркан кемалелорхой бу.