ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьогал а, бож а (туьйра)


Цхьогалой, божой юкъахь кIа дийна. КIа чу дерзийчи декъа барт бина цу шиммо. Цхьогало боже аьлла:

- КIа сан хир ду, кегаш хьан хир ю.

- Иза нийса яц. КIа а, кегаш а цхьабосса доькъар ду вайшиммо - аьлла божо.

- Делахь дика ду аса сайн верас валор ву, цо динарг хир ду.

Иза а аьлла, цхьогал дахна леллашехь, божо жера шиъ жан-жIаьла а далийна и шиъ кегаш юккъе дIалачкъийтина.

Борз а ялош юхадеъна цхьогал.

Барзо боже аьлла:

- ХIокху сан йишица харцо хIунда лелайо ахьа?

Божо барзе аьлла:

- Нагахь санна нийсо езаш, тоьшалла дан хьо еънехь хIара кегаш йоьхканчу меттехь дIавоьллина сан да а, ден ваша а. Церан когах дуй баа беза ахьа «Нийсо ян ма еъна со» алий.

Борз кегаш лаьттачу метте тIеяхна. Цу юккъера хьалаиккхинчу шина жIаьло хьакхийна борз а, цхьогал а. ТIедеъна ялта а, тIедогIу дерг а дицдина дедда кIелхьарадаьлла цхьогал а, цунна тоьшалла дан еъна борз а.

XS
SM
MD
LG