ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн къам - Путинан гIаш-салтий?


Юха а шех дуьне цецдаккха арадаьллера нохчийн къам Соьлж-ГIалахь. Аьлча а, арадаьккхинера. Путин Владимир вар даздан стадионе дIагулбинчу нахана, цу чу бахча, арабовла некъ бихкинера сарахь Iаржаяллалц йолчу ханна.

ХIара ГIадужу-бутт карабеъчахьана а тайп-тайпанчу даздарехь дуьзна, ног етташ кхехкаш ду Нохчийчуьра дахар. РогIехь кхузахь даздинарг ду Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир вина де.

Цу Iалашонна,хьовсархойн къоьлла ца хилийта Соьлжа-гIала дIаоьзна Iедалан балхахь болу эзарниш бахархой. Хенал хьалха дешархой мукъа а бовлийтина, президент винчу дийнан хьомсара гIала кхачийна ур-аттала хьехархой а.

«Юьхьанца бераш дигча а тоаме ду бохуш къамелаш дара хазош,ткъа хIинца барта омра охьадаийтина бераш ма дахкийта, хьехархой балабе аьлла. Лаахь а, ца лаахь а даха дезаш ду-кх тхо».

Герггарчу барамехь ишта къамелаш хазадо хьехархоша. Бертахь а.бертаза а хьехархой гIала бигарх дуьйцуш

Новр кIоштан цхьана ишколехь дIаяздина ду хIара къамелаш. Шайн чоьтах гIала бахар тIедоьжначу дукхахболчу хьехархошна хууш дац, шаьш хIун дан, мича дIахIитта дуьгу сел беха некъ бадийна.

Iедалан хьостано дIасабаржийначу хаамца мехкан куьйгалхочо басарш ца кхоош, хьасартне декъал вина Путин Владимир винчу денца.

Цо яздина: «Лераме Владимир Вдадимирович! Тхо хьан гIашсалт-эскар ду, дуьненан мичча маьIIехь мел хала а, мехала а хьан омра кхочушдан кийча. Хьан Iаламат халчу, жоьпаллин балха тIехь, лаккхарчу могашаллица ирс-аьттоне, кхиаме кхачавойла хьо!»

Ишта декъалвар Iорадаьккхина Пачхьалкхан цIийнан хьостано.

Iедалан балхахь,хьаькамийн даржашкахь къахьоьгуш боцчу бахархойн лаамах аьлча, дукхахболчарна хеттане а ца хета Путин нохчаша вазван хьакъ ву аьлла. Царех ву Соьлжа-ГIалара студент Ваид а, пенсахо Ризван а.

Пачхьалкхан коьртехь болчу куьйгалхойн дуьнентIе маца бевлла могIарерчу нахана хаар цуьрриг а мехала ца лоручех ву соьлжагIалахо Муса а.

Массарна а цхьабосса тамашена хетарг ду цхьа Нохчийчоьнан республикехь бен кхин цхьана а Къилбаседа Кавказан кIошташкахь оццул адам а вовшах а детташ Оьрсийчоьнан президент вазвина цахилар.

Тергамхоша а, могIарерчу наха а а кхеторехь Путиннна товчух тера ду-кх, куй биллал бен боцчу кху жимачу махкахь шех оццул деза-даккхий, хастаме къамелаш дар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG