ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хонкарахь эккхийтарш дина


Хонкарахь шоьтадийнахь аьчканекъан станцехь хиллачу шина эккхийтаро вийна 86 стаг, 185-нна чов йина. И терахьаш далийна Туркойчоьнан могашаллин министра Муэззиноглу МехIмета. бала арабевллачу наха дина терроран тохар ду иза, аьлла, мах хадийна хиллачун Iедало. Лелхийтарш дина аьрро партеша туркойнний, курдойнний ницкъаша мехкан къилбехь латтабе тIемаш совцоре кхойкхуш митинг хIотто лерина хиллачу меттехь.

Бохам бахьанехь юхабаьккхина барам. Цкъачунна лелхийтарш шена тIе ца эцна цхьаммо а. Лахьан-беттан хьалхарчу денна леринчу рогIехь боцчу парламентан харжамийн хьомара ша шен дакъашхошна тIеман болам бихкина, хаамбина Туркойчуьрчу низамехь йоцчу Курдистанан Белхан партино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG