ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ВогIур ву цхьана дийнахь шен хазна дIаяхьа гуьржи!


Кавказехь массо а къаьмнийн векалшна юкъа шун а хIоттадой, чай-кхачанца марзо а дебош, цхьацца синмехалле барамаш хIитторца вевзаш ву дукха хенахь дуьйна Мазалк гIалахь веха нохчо Успанов Юни. Иштта вевза иза шен гонашкахь шира хIуманаш, антиквариат, евзаш а, езаш а хиларца. Кху муьрехь гуьржашца ду Успановн гIуллакх, аьлча а, цхьа хаттар.

Пхи шо хьалха ХIирийн мехкан Мазалк гIаларчу «Кунаки» цIе йолчу ресторанан-музейн долахо Успанов Юни волчу баьхкинера цхьа замой.

Ала догIу, ресторан-музей кхолларан коьрта Iалашо бизнесхочун Къилбаседа Кавказехь дехачу къаьмнинй доттагIалла чIагIдар, церан юкъаметтигаш шоряър ю.

Ткъа нохчашлахь олуш ма-дай, юучуьнца кхоллало марзо а, гергарло а.

Социалан машанехь кхолладеллачу доттагIаллех марзо оьцуш, бизнесхочо кесст-кесста шен шуьнехь, шен чоьтах хьошалла а деш, гулбо доттагIийн могIарш.

Цуьнан комаьршаллех, цIенчу дог-ойланех Нохчийчохь муьлххачу а вахархочо дуьйцур дара, мало ца еш.

Цул совнаха, нохчийн къомо заманан йохаллехь лелийна духар, пхьегIа, герз – и дерриг а схьагулдеш, ша-шеггара шен цIахь кхоьллина ю и ресторан-музей Успанов Юнис.

Успанов Юни социалан машанехь жигархо а ву, цуьнца доттагIаллехь 4462 стаг ву, цо шен Фейсбукан агIонтIехь ша дечу беркатечу гIуллакхех йоьшучаьрга мах хадабайтархьама а, шен цIена ойланаш йозийтархьама а даима дийцаредо.

Кху деношкахь доккха гIугI эккхийтина Юнис Фейсбукехь хIоттийначу керлачу суьрто- дийцаро.

Оцу хаамна бухахь ю 535 комментареш-лайкаш ю, I39-ммо кар-кара оьцуш яржийна, Iораяккхархьама.

5 шо хьалхалера хилам бу буьйцург. Мазалкарчу Успанов Юнин музей-ресторане БуритIера замой баьхкинера, 200 шо хьалхалера хрусталан люстра кхунна йохка дагахь.

2008-чу шарахь Гуьржийчохь Оьрсийчоьно тIом гIаттийначу шерашкахь, дуккха а нах шайн хIусамаш дIа а туьйсуш, маьршачу мехкашка хьере хилла дIасауьдучу заманчохь, цхьана хIусамера лачкъийна хиллера и люстра мародераша.

Юхкучара шаьша лечкъа а ца деш дийцина хиллера бухера дуьйнна.

Маршо Радионо зIе лехира Успанов Юница. Таханалерачу саьхьарчу заманахь тамашен хета догцIена, ахча-бохча коьртачех ца лоруш, ша и гуьржийн люстра санна, раритете адамаш вайна юкъахь хилар.

Успанов Юнис дийцира тхоьга хIокху масех шарахь оцу люстрано шена бинчу тIеIатIкъамех, байинчу синтемех а.

Успанов: «5 шо хьалха дара иза. Мазалкехь хIума кхоллуш йиллина кафе-музей ю вайн, "Кунаки" цIе йолуш. Цхьана дийнахь нах баьхкинера суна, хIирий бара уьш, езачух люстра ю шайгахь, оьцур ярий ахь, аьлла.

200 шо муххале а хир дара цуьнан. Мичара яьлла шуна аьлла, хаьттича, Оьрсийчоьно Гуьржийчохь тIом бечу хенахь, гуьржийн цIеношчуьра лачкъийна ю, элира. Вайн цIахь тIемаш боьлхучу хенахь изза хьал ма дарий, и дерриг дага а деана, ийцира ас цаьргара и люстра.

Вовшахъяьккхина яра иза, тIецатоьара дуккха а чалхаш. Ас реставратор а лехна, цуьнга тояйтина, музейхь кхозуш ю и люстра хIинца. Массатрга а кхайкхам бина ас оцу люстрин да-гуьржи лохуш гIодехарца.

Со теша, цхьана дийнахь, Дала мукъалахь, гуьржи вогIур ву со волчу, и люстра сан ю олуш.

Ас хазахетарца дIалур яра цунна и. Делахь, нохчочо юха елла шена аьлла, вайн къаьмнашна юккъехь эзар шерашкахь лаьттина доттагIалла, уьйраш чIагI а луш».

Маршо Радионан нохчийн, гуьржийн сервисаша вовшашца барт а бина, Iалашо лаьцна Успанов Юнина гIоьнна люстрин да-гуьржи схьалаха. Хилла жамIаш Маршо Радионо довзуьйтур ду .

XS
SM
MD
LG