ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин малхбалехь "Боинг" чудаийтина хилла "Бук" ракето


Малайзин авиакомпанин "Боинг 777" чудаийтина хилла "Бук" олучу ракетийн системаца. Ракета иккхина пилотийн кабинина тIехула аьрро агIор. Цунах лаьцна дIахьедар дина Нидерландийн Кхерамазаллин кхеташонан куьйгалхочо Йаустра Чиббес, кема чударна бахьана толлуш шаьш бина таллам бовзуьйтуш. Талламан жамIашца а догIуш, Украинин Малхбалехь ракета хецна хилла малхбалера схьа 320 километр генара.

Иза эккхар бахьана долуш, кеманан хьалхара дакъа дохийна. Кеманан дакъош дIасакхиссина 50 километр яхалла. 2015-чу шеран Товбеца-беттан 17-чу дийнахь Донецкана уллехь тIемаш боьлхучу меттигана тIехуладаьлла хилла 61 компанин 160 кема.

Кеманаш цигахь стигалхула лелийта кхераме хилла, амма Украинин Iедалша уьш совцо оьшуш болу сацам цабина, аьлла ду Кхерамазаллин кхеташоно кечдинчу рапортана тIехь. Нидерладийн Кхерамазаллин кхеташоно динчу жамIашца, дохийначу «Боингана» тIехь хилла некъахой белла, я кхетамчура бевлла кема доьхначу маьIаргонна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG