Цхьа дика делла вайна: цхьана меженера гIора дIадаьлча, цунах хаьдда дакъа кхечу межене кхочу. Кулсамера бIаьрса дирзина доьналле, тергамалле, семалле. Са гуш а йоцчу цо ша ехачу Белгехь чекхъяьккхина рогIера институт. Кхузаманан керлачу технологеш евза, уьш кара а ерзийна цо. Маьршша буьйцу Кулсума Ингалсан, Нидерландан меттанаш.
Стигаларниг санна беза бу дагчуьра малх а...
Адамо ойла а ца йо шена хIара дуьне муха го, стенна го, шегара хIун дика даларна гойтуьйту . Ткъа цIеххьана бIаьрсих хаьдча? ...Сатуева Кулсамна 9 шо ду са ца го, амма иза янне а яц бIаьрзе.

1
Ша дешначу Белгин Гент гIаларчу бIаьрсацагучийн институтан хьехархошца.

2
Марина, институтан хьехархо, доттагI, вуно мехала хаарш делла цо Кулсамна.

3
Институтан директорца Игнас ДехIондатца а, цигарчу шен хьехархочуьнца а.

4
Ша Iаш яра аьлла, мало ца йо Кулсама шена мерза кхача кечбан.