«Шо шаре мел долу а, адам дебаш, юкълуш ю гIала. Атта дац ваха-ван а. Само еш ца хилча, машенийн дукхалла некъахьовзаман юкъанисвала а дац сахьт. Адамех юьзина эккха йоллу и гIала-м…Хьалхалерчу гIалахь вахар дуккха а паргIат дара. ЛадегIам а бацара, хIинца санна…»
Герггарчу барамехь ишта къамелаш хазадо нохчаша гIала хьахаелча. Цу мацахлерчу гIалин мах хадош дика гайтам лору вайнаха цу хенахь харжам а болуш транспортан шорто хилар: сихачунна таксеш,паргIат дIакхуьур ву-кх со аьлла, хенан хьесап а дина араваьллчунна автобус, трамвай, троллейбус…
Тахана Соьлжа гIалахь тергаллучу хьолаца и тIаьххьаьрниш ян а яц, ур-аттал автобусаш а ю лекъаш. Массо некъ-маршрут, кара а ерзийна, накхармозий санна каде хьийзаш ю куьц-куьцара микроавтобусаш.
Транспорт хьокъехь бахархошна хуьлчу новкъарлонех дуьйцуш ю Соьлж-гIалара хьехархо 53 шарера Сацита.
Сацита: «Хьалха заманахь гIалахь адам хIинцачул кIезиг дара ала а ца хIутту со. Бакъду тахана санна ваха-ван хала-м дацара хIетахь. Къаьсттина тахана хала ду берашна а, дешархошна а, студенташна а. ХIинца гIали юккъехула лелаш автобсашший, маршруткаш бен яц.
Хьалха трамвайш а, троллебусаш а яра, церан раж-лелар ойла йина нисдина а дара. Маршруткаш механа еза а ма ю,автобусел а. ТIедогIуш хIума доцурш дукха ма бу. Кегийрхоша деккъа цхьана некъана охьадуьллу 6-7 туьма…»
Берашна а, кхиазхошна а эшам беш,церан дай-наношка харж алсам йойтуш хIума лору транспортан къоьлла хилар Соьлжа гIаларчу вахархочо Алиев ИсмаIала. Цо яхана хан карла а йоккхуш, дийцира шена хетачух.
ИсмаIал: «Дешархошна,юьхьанцарчу классан берашна къаьсттина хала ма ду дIаса лела. Маршрутникашна ца лаьа бераш хьаладовлийта. Уьш шайн сом даккха гIерташ бевдда-хьаьвдда лелаш бу.
Тоххара советан Iедал долуш бераш а, пенсионераш а лераме бара, царна гIоленаш а йинера боьдуш, боьлхуш. Троллейбус йолайолуьйтур яра ас сайн аьллар хилча. Мел аттачу дера дара гIалахойн дахар тIаккха…»
Халха заманахь транспортта-м стенна йийцара, Соьлжа ГIалара дахар маьрша а, синтеме а дара хIинцачул бохуш, къамел дира Старопромысал кIоштерчу пенсахочо Куриев Лоьмас.
Лоьма: « Делахь хIинца дерг хьалха аьттехьа а дацара. Некъ а бара бораха. Хьалхалера сурт чIогIа хаза дара. Массо къоман иэбелла нах бара, самукъане дара. Ишколе доьду бер а ахча ца делча дIа а ца дуьгу. ГIиллакхах а боьхна. Дийца-м дуьйцу, валлай ца дуьйцу лела а дешша-м… Т
охарлераниг аьттехьа дац. Лерам бац. Тоххара стагах къахетара, хьажара. Суна-м ца хаьа, цхьа хьере зама ю-кх хIара. Жима а.воккха а –массо гIайгIанехь ву-кх. Кханенах йоьзна дегайовхо ян а яц-кх».
Соьлжа гIаларачу транспортах доьзна къамел мел динчу бахархоша, цхьа ша-шаха, ларамаза нислуш санна, билгалдоккхура, гIалин хьалхалера Iар-дахар синмехаллаш лераме а йолуш, хIинца санна лазаме ладегIам а боцуш, синтемах дуьзна хилла хилар,