ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берлинехь лаьцна Атаев Мурат


Масех шо а дара Берлинехь вехачу суьлийн махкарчу цхьаьна имамо лачкъош а доцуш интеренетехь а, маьждигехь а радикалан хьежамаш баржош болу. Цо ечу пропагандех Iехалуш, дуккхаъ а кегирхой ДаIишах дIакхетта бохуш чIагIдо Iедалхоша. ХIинца эххар а лаьцна иза.

Ша шех «Исламан пачхьалкх» олучу ДаIишах а, кхечу радикалан исламхойн тобанех а кегирхой дIабеттабалар, хууш ма-хиллара, интернетехь пропаганда ечу цу тобанийн векалша дуьйцучух Iеха а лой хуьлуш ду.

Барам а, чот а йоцуш дукха ю социалан машанашкахь радикалхойн цхьаьнакхетараллаш, ка ма-доллу алсамох кегирхой шайн могIаршка бахар коьрта Iалашо йолуш дийнахь а, буса а къахьоьгуш.

Царех цхьаццаерш дIакъевлина, хийрачунна иштта атта еша а, дакъалаца а йиш йоцучу тобанашка вовшахкхетта ю, ткъа кхинарш хIумма а я Iедалех, я хийрачу ешархойх а хьуллуш а йоцуш, гаррехь шайн ямарт болх беш ю.

Ишттачу цхьаннах а лечкъаш а воцуш, ДаIишан пропаганда интернетехь яржош а, кегирхой шен машане луьйцуш а болх бечарех вара Берлинехь Iаш волу суьйли къомах волу цигарчу цхьаьна маьждиган имам Атаев Мурат. Цуо нохчийн а, гIаскхийн а мотт буьйцуш хиларна, дуккхаъчарна иза нохчийн къомах ву а моьттуш, цуо ша башха цу моттарна дуьхьало а ца еш, масех шарахь массийтачу социалан машанехь ДаIишехьа пропаганда йора цо.

Къаьстина шуьйра гIараяьлла яра Атаевн Твиттера агIо. Ша бакъонца ДаIиш тобан Европера пресс-секретар волчуха, ткъа Шемахь а, Иракъехь а дерг шена хьалхарчу хьостера хууш санна, дийнахь а, буса а йозанаш дора цуо, Халипатера керланаш, ДаIиш ньюс, ShamToday бохуш яккхий цIераш а тоьхкуш ша бечу балхана. Иштта Ютюбехула баржабора шен хьехамаш а.

И стаг гаррехь террорхошна болх беш а, церан хьежамаш Европехь баржош а вуйла гушделахь а, амма къайленечу кепара хIинцалца схьа Iедалшкара цхьа а новкъарло а йоцуш, маьрша вехаш вара иза немцойн коьртачу шахьарахь, цигарчу Моабит кIоштанарчу маьждигехь имамалла а лелош, тIехула тIе меттигерчу ясакхйалархойн ахчанах социалан гIо а оьцуш, Iедале ша кхаба а кхобуьйтуш.

Немцойн полицино Атаевн гуонера а, цуьнан маьждиге оьхуш а, цуо бечу хьехамашка ладоьгIуш а болчу нахех хIинцалца схьа масех лаьцнехь а, ша ДаIишан идеологица цу нехан кортош дахош волу Атаев Iедало башха хьавеш а вацара.

Иштта, масала, даханчу Iай Берлинехь лаьцнера II стаг, Шема бахийта кегирхой кечбеш хиларна шеконе а лаьцна. Уьш Атаевца боьзна хиллехь а, амма имам маьрша витинера. Цул совнаха, аьхка Берлинерчу полисхоша талламаша бира Атаевн хьокъехь, цо Оьрсийчуьрчу Медуза сайтана елла интервью бахьана долуш.

Амма тIаккха а кхета хала долучу бахьанашца суьйли имам цIавахийтира, кхин дIа а шен болх бан цунна таро а луш.

Ала дашна, ша шех „ДаIишан информацин агрегатор а“, - иза хIуъу бохург делахь а, - аьлла цIе тиллина волчу Атаевс Медуза сайтана елла йолу интервью ян а яра вуно скандале. Беро санна дозалла а деш, цуо дуьйцура, ша Халипатерчу нахаца зIенехь ву бохуш. „Массо а тобанашца зIе ю сан. Цигахь дерг нахана дIадовзуьйтуш ву со, хIунда аьлча, хаамийн гIирсаш харцдерг дуьйцу.

ХIинца мостагIчун махка кхача уггаре а аттадерг ша журналист ву моттийтар ду. Ткъа ДаIишехь журналист санна болх бан хьуна цаьргара лерина сертификат оьшу. Хьоьгахь иза делахь, тIаккха хьан корт боккхур бац“, - бохуш дийцира цуо хIетахь, террорхоша журналисташ а, кхин болу маьрша нах а баъйр бакъдеш, уьш къайлахчу сервисашна болх барна боъуш бу бохучунна нундохуш.

ДаIишхоша корта баьккхина вийна волу Фоули Джеймс а къайлахчу сервисийн шпион вара элира Атаевс Медуза сайте, „тIаккха ДаIишан кхин дан хIума дацара, цу стеган кхоллам корта баккхарца ца къастийча“, аьлла.

Цу кепара дIахьедарш деш волу стаг немцойн коьртачу шахьарехь оццул дукхачу хенахь маьрша болх беш хилар мел цецвоккхуш делахь а, иза цхьаъ хилла ца Iа бохуш дуьйцу Австрерчу нохчийн диаспорин жигархочуо Исханов Хьусейна.

Цо билгадоккху, Атаев санна болчу ДаIишан пропагандхоша шайн болх вуно говза беш хилар а, цара къаьстина нохчийн кегирхойх радикалхойн лазар тоха гIерташ къахьегар а.

Исханов: „Оцу Атаев Мурат санна болчу наха и вайн Европера кегий нах, пропаганда а йой, динан фактор тIе а бохий, дIа а буьгий, Шемахь хIаллакбойту. Цара вуно говза бо интернетехула и шайн болх. Ши Iалашо кхочуш йо цара: цхьана агIор, кху Европехь хаза дешна а болуш, Iилма а долуш, кхане а йолуш болу нохчийн кегирхой хьала ца кхиийта Iалашо ю церан, шозлагIа делахь, оцу цIахь кечбеш бу нохчийн кегийнах Путинс болийначу Шемарчу тIамехь дакъалаца кечбеш.

ТIаккха кхузарберш а, цIераниш а нохчийн божабераш тIаьхье а йоцуш, хIаллакбеш бу, иштта а шина тIамо лахдина долу вайн къам цу кепара деба ца дебийта, иза ша арабаьккхинчу маршонан некъах бохон а лууш“.

Хьусейн ма-аллара, Атаев Мурат ша къоман Дагестанера суьйли велахь а, цуьнан коьрта ладогIархой а, маьждигера цуьнан мурдаш а дукхахьолехь нохчийн кегирхой бара. Берлинерчу прокуратурано цунна бехке дуьллуш а ду, доккхачу декъехь Германерчу нохчийн божаберашна юккъехь ДаIишан пропаганда яржор а, уьш Шема хьежор а. Iедалхоша журналисташка бинчу хаамца, даханчу шарахь бархIуза полице а кхойкхуш, къамелаш динера Берлинерчу къайлахчу сервисаш а, полисхоша а Атаев Муратца.

Цара цуьнца дийцинарг хIун дара, кхеташ ма-хиллара, шуьйрачу юкъараллина хуур дац. Амма хIинцалца схьа Атаевн гуонахьара нах Iедало луьйцуш а, иза ша маьрша леллла а хилар бакъду.

Кхин цхьа хIума а хетало. Гаррехь кегирхошца ДаIишан пропаганда еш волчу Атаевца Берлинерчу Iедалхоша хабарш а ца дуьйцуш, цуьнан ямарт болх шен хенахь сацийна хиллехь, хийла нохчийн а, кхечу къомах болу а кегий нах дийна бисина хила мегара.

XS
SM
MD
LG