ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бадалов Руслан - къоман юьхькIам

Нохчийн сий айдарехь, мехкан спорт кхиорехь Советан пачхьалкхехь а, Европехь а паргΙатчу кепехь леташ маситтаза чемпион ваьлла а, тΙаьххьарчу шерашкахь шен къоман бакъонаш къийсарехь а гоьваьлла Бадалов Руслан. Маршо Радион фотокорреспондент Елхоев Леча хилира цуьнан хIусамехь.

Руслан Бадалов 15 шо кхаьчча волавелира лата Ӏама. Цуьнан тренер вара Багаев Дэги. Йозаллин барам 74 кийла болчу тобанехь леташ вара Руслан. 1973 Киевехь СССР-н Кубок яккхира цо. Цул тӀаьхьа кхиамца дакъалецира дукхаъчу турнирашкахь, шайлахь дуьненаюкъарнаш а йолуш.

1999 шарахь, Нохчийчохь тӀом болабелча, Бадалов Руслан шен доьзалца цхьаьна ГӀалгӀайчу дӀавахара. ХIетахь кхоьллира цо "Нохчийн халкъ кӀелхьардаккхаран комитет". Адамийн бакъонаш ларъярехь а баьхна цо баккхий кхиамаш.

Хьажа кхин дIа а

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG